Вахит Хаджимурадов – Ваха, Йаха. II дакъехь драма (страница 2)
САНА. Х1ара ду-кха, экха ша кара дог1уш ду моьтту суна. Аса бохий хьоьга, к1антана хьо цкъа гича, цуьнан сапарг1ато йовра йу, ша велла д1аваллалца!
ЙАХА. (ДИККА ХЬОЖУ) Эх1, цхьа жима берем а ву и-м… Говра диттах йоьхкуш ву. Кхуза вайна т1е вог1уш ву.
САНА. (ХЬОЖШ ЙУ) Собар дехьа. Иза-м сан хьоме 1овхо ма ву. Ван а ву! (ЭХЬ ХЕТА).
ЙАХА. (ЕЛАКЪЕЖА) Х1ун до ахьа? Хьо йацара х1инцца, и гича а мегаш йац баьхнариг? Хьайн 1овхаро ц1е муха йу дага мукъане а дагадог1ий хьуна?
САНА. (Т1ЕВОГ1У К1АНТ УЛЛО ВЕЪЧА, КХИН А Ч1ОГ1А ЭХЬ ХЕТИЙ Д1АЙОЬРЗУ) (ЙАХИГА) Висам ву и.
ВИСАМ. (МАЬХКАРШНА УЛЛО ВОГ1У) Суьйре дика хуьлда шун, маьхкарий!
ЙАХА. Далла воьзийла хьо! Маьрша вог1ийла, вевзаш воцу хьаша!
ВИСАМ. Маршалла ду шуьга а, хьоме маьхкарий. Х1унда ву со вевзаш воцу хьаша. Кхузахьа-м хила тарло со вевзаш нах а.
ЙАХА. И мила ву хьо вевзаш, и лачкъадина 1аш верг?
ВИСАМ. (ВЕЛА А ЛУШ, Д1АЙИРЗИНА ЛАЬТТАШ ЙОЛУ САНА ГОЙТУ) Цхьаболу маьхкарий бу со вевзаш, амма царнна ца луучух тера ду и гайта. Со-м д1авоьду йуха а вист хила аьтто ца хуьлуш. (Д1АВОЬДУ КЕП ХОТТАЙО, ЦХЬАНА МЕТТЕХЬ КОГАШ А ТУХУШ)
САНА. (КХЕРАЛОЙ СХЬАЙОЬРЗУ, ЛАЬТТАШ ВОЛУ ВИСАМ А ГОЙ, ДОВНЕ ЙОЛУ) Эхь ца хета-кх цунна со лен йеш валла!
ВИСАМ. Кхерайеларий хьо, хазаниг, со давахана моьттуш! Даре дел!
САНА. Цхьацуьрг-м ца кхерайелира. Хьо-м маьрша стаг ву, маьршачу вайнехан латта т1ехь 1аш. Ахьа айхьа ма дуьйцура шайн 1овхойн тайпанийн йист йоцу жа дажон аренаш. Иштта дацара и?
ВИСАМ. Иштта-м дара и, делахь а курхалаш йеш вацара со. Цул сов со цкъа а ца хилла вайнехан тайпанаш къастош а, уьш шадерш вежарий санна ца хеташ а.
САНА. Тхан хинахойн тайпа шун 1овхойн тайпанал оьшуш дац боху аса!
ЙАХА. Сана, ахьа х1ун дуьйцу, бера санна курхаллаш йеш. Хьан дага чохь дериг кхинарг ма ду, ахьа дуьйцург кхин ду. Хьуна хала хета аьлла х1ума дац. Цхьаммо а ца боху вайн хинахой массо а вайнехан тайпанашна йуккъехь массара а лоруш дац. Висаме дош а ма ца кхочийту ахьа.
САНА. (ДОШ АЛА БАГА Г1АТТИЙНАЧОХЬ СОЦУ, ЭХЬ ХЕТИЙ ЙУХА А Д1АЙОЬРЗУ) Со… Со…
ВИСАМ. Схьахетарехь, хьо Сани уггара дукхайезаш йолу доттаг1 Йаха йу-кх?
ЙАХА. Йу. Со йу.
ВИСАМ. Йаха, хьо дика йо1 йу. Г1о дехьа суна х1ара йахье йаьлла йо1 кхетайа: со х1окхунна т1ом бохьуш ца веъна, машар безаш веъна.
ЙАХА. Х1ун машар безаш?
ВИСАМ. (Ц1ИЙЛУШ) Аса ойла ца йеш аьллачу шина дашо дарйина х1ара. Со гушшехь девне йолу х1ара.
ЙАХА. Эрна олуш дац вайн наха, багара даьлла дош духа ца доьрзу, цунна т1емаш довлу.
ВИСАМ. Бакъ боху ахьа, Йаха. Алахьа ткъа, х1ун дан деза аса, х1окху йахье йаьллачу хазчу йо1аца барт хилийта?
ЙАХА. Дешан дашца барт хилийта, дош оьшу. И дош хьуна карадахь, хьуна барт а, машар а карор бу.
ВИСАМ. Суна хаьа и дош!
ЙАХА. Таккха ала и дош!
ВИСАМ. И дош ду – безам!
САНА. (СХЬАЙОЬРЗУ. ЙУХА А Д1АЙОЬРЗУ, АММА АХ Д1АЙОЬРЗУ).
ЙАХА. Сийдолу к1ант, хьуна карийра и дош. Хьо нийса луьй!
САНА. (ЙАХИГА А, ВИСАМИГА А ЦА ХЬОЖУШ) Со кхузахь йоцуш санна къамеле ма девлла шу. Со новкъа-м йац шуна!
ЙАХА. Йац, сан йиша, хьо новкъа, хьо кхузахь коьртаниг йу!
САНА. (ЙЕЛАКЪЕЖА)
ВИСАМ. Оха хьоьга цхьа х1ума хатта мегар дуй, хьо коьртаниг а хилчи?
САНА. (КЪАЙЛАХА ЙОЬЛУ)
ВИСАМ. Сана, хьоьга хатта мегий?
САНА. Къамел дан цхьанна а дихкина дац кхузахь.
ВИСАМ. Хьо дуьххьара гиначул т1аьхьа, сан дог синпарг1ато йайна хьийзаш ду. Ткъа хьо суна гича, и сан дог кийрара схьаэккха г1ерташ хала сеца до аса. Хьоьга кхоллабеллачу безамо, хьийзачу сино хьан йуьхьсибат лоьхийта соьга, со тоьшийту хьан ойла а сан аг1ора кхийдаш йу аьлла. Аса 1овхойн Махкара дуьйна беъначу некъана реза йуй техьа хьо, т1еоьций ахьа и?
ЙАХА. (НЕ МОЖЕТ СКРЫТЬ РАДОСТИ ЗА ПОДРУГУ. УЛЫБАЕТСЯ)
САНА. (НЕМНОГО РАСТЕРЯНА) Ца хаьа суна-м…
ВИСАМ. Йо1ана хала ду дагара хаийта, дийца. Алахь соьга, со ван мегара дуй леррина хьо ган х1окху шовдана йистте. Йог1ура йуй хьо хина йистте кхана а? Жоп лохьа суна?
ЙАХА. (УЛЛО ЙОГ1У, ПХЬАРС К1ЕЛА ЛОЦУ)
САНА. (СМОТРИТ НА ЙАХУ)
ЙАХА. (Б1АЬРГАШ ХЬАБ А БЕШ ГОЙТУ)
САНА. Х1аъ!
ВИСАМ. Мел хаза ц1е йу-кх «Сана»! Цхьа дош а аьлла ирсе ви-кх ахьа со, уггаре ирсе хьокху маьлха дуьненахь!
(ГЕНАРА УЛЛО ДОГ1УШ Ч1ОГ1А КЕГИЙРАЧУ НЕХАН АЬЗНАШ ХЕЗА. СЦЕНИ ГЕНАРЧУ СОНЕХЬ ГУЧУВОЛУ БЕРС И, ЛОРС А. МАЬХКАРИЙ КУДАЛАШ СХЬАЭЦНА, Д1АБАХА ТОХАЛО, АММА БЕРС ЙАХА А ГОЙ СОЦУ. ВИСАМ ЙИСТАХА ВОЛУ)
ЙАХА. (БЕРС А ГОЙ ХАЗАХЕТИЙ ЙАХА ЦХЬАЪ АЛА ЙУЛУ, ВИСАМ А, САНА ХИЛАРНА ЙУХИЙ СОЦУ) Берс… сан ваша…
ВИСАМ. (ЙИСТАХА ВОЛУ, БУКЪ БЕРЗОШ СОЦУ).
БЕРС. (Д1АВАХА Г1УРТУ, АММА ВИСАМ ВЕВЗИЙ ЙАХИГА) Йаха, сихало йе, нана хьоьга хьоьжуш йу.
ЙАХА. (БЕРС ЦХЬАНА Х1УМАНА РЕЗА ВОЦУШ ХЕТИЙ, САНИГА ХЬОЖУ)
САНА. (ЙАХА ЙОЬХНА ХААЛОЙ, НАКЪОСТАЦА БАРТ ХИЛЧИ САННА СИХА К1УДАЛШНА ЧОХЬ ХИ А ОЬЦУ).
ЙАХА. (САНИНА Т1АЬХЬЕ СИХА ХИ ОЬЦУ, КЪАЙЛАХА ВИСАМЕ КОРТА А ТА1АБОЙ Д1АЙОЬДУ).
ВИСАМ. (КОРТА ТА1АБО).
САНА. (КИВКОМ ГОЛОВЫ ПРОЩАЕТСЯ)
ЙАХА. (ВЕШИНА УЛЛЕ НИСЙЕЛЧА) Берс, со д1айоьдуш йу, гой хьуна? Валохьа тхоьца ц1а.
БЕРС. Кхузахь г1уллакх ду сан. Хьо сиха ц1а г1о, ц1ахь куьйгаш дила а хи дац, ткъа хьо кхузахь 1аш йу.
ЙАХА. Берс, дог ма дохадехьа хьайн, Делан дуьхьа. Ца волахьа соьца цхьаьна, нанина хьалха суна т1е ма х1утту хьо даима а. Хьо-м сан уггаре дукха везаш волу ваша вуй. Валохьа, Берс.
БЕРС. (ЖИММА К1ЕДА) Мегара ду, сой Лорсий шуна т1аьхье д1авог1у. Д1адуьйлало шу.
ЙАХА. Берс…
БЕРС. Аса аьллий, т1аьхьа д1авог1у. Д1аг1о сан йиша.
(МЕХКАРИЙ Д1АБОЬЛХУ).
ВИСАМ. (Д1АВАХА ТОХАЛО)
БЕРС. (ВИСАМАНА ДУЬХЬАЛА ВОЛУ) Говра-м ледара йац хьан, аьрха йу жимма. Амма сан 1аьржа дин ког тасабелла гала ца йаьллехьара, хьан сирчунна ц1ога гойтура йолуш-м йара. Реза вуй хьо, хьан ц1е а ца хаьа суна.
ВИСАМ. Висам йу сан ц1е. Хьан 1аьржаниг боккъал а дика дин бу, хасто бакъо йолуш.