реклама
Бургер менюБургер меню

Вахит Хаджимурадов – Ваха, Йаха. II дакъехь драма (страница 3)

18

БЕРС. Ткъа и боккъал а ког тасабелла галайелира, хьо хьайн сирачуьнца тхуна хьалха ваьлла хаьхкина д1авоьдуш.

ВИСАМ. Берс, хьан дин боккъал а дика дош шех ала дезаш бу. Хьоьца болу сайн ларам байа ца лаьа суна, амма ахьа оьг1азло а йина хьайн динан шед ца тоьхнехьара, хьан 1аьржаниг ког тасабелла гора г1ура йацара. Хьан говр шен амал йолуш йу, ахьа йуьхь йаьккхира цуьна шед а тоьхна. Цо и ца лайра.

БЕРС. Говрех-м хьо дика кхета моьтту суна, амма шаьлта ловзорца муха ву хьо, маттаца санна сиха вуй?

ВИСАМ. К1ант, иштта ца бо бегаш. Осалчу тайпанах вац со, амма дов лоьхуш вац со. 1овхойн тайпана ву со!

БЕРС. 1овхойн Мохк боккха бу, 1овхо бохург ч1ерийлецархо бохург дац вайнехан маттахь?

ВИСАМ. Вайнехан тайпанаш, тукхамаш шадерш а ду шайн доьналлийца девзаш.

БЕРС. Со а вац декъазчу тайпанах схьаваьлла, амма цхьадолчу тайпанашка хьаьжича, тхо шаьлта ловзон куьйг каде ду. Висам, тахана хьан дин сан динал хьалха баьлла, оцу динан да вуй техьа сол каде шаьлтанца! Муха хьожу хьо оцу г1уллакхе? Хьалхара ц1ий хьаддалца! (КАДЕ СХЬАЙОККХУ БАТТАРА ШАЬЛТА).

ВИСАМ. Г1улкх доцуш йаьккхи ахьа, к1ант, шаьлта, х1инца ц1ий ца 1анош йуха батта йилла йиш йац хьан болата шаьлта! Аса вуьтура вац хьо 1адатан йийсарехь хьо цхьаъ.(ШАЬЛТА БАТТАРА ЙОККХУ).

(ГОВЗА ТАСАЛО ШИ А. ГОВЗА ХЕТАЛО ВАСАМ. БЕРС Ц1АЬХХЬАНА КОГ ТАСАЛОЙ ОХЬАВУЖУ, ВИСАМ ЛАТТА ВУЬСУ. УЛЛОХЬ ЛАЬТТА ЛОРС КХЕРАЛО ВИСАМА ШЕН ШИЧИЙНА ШАЬЛТА ТОХАРНА, И ШАЬЛТА А ЙОККХИЙ ЧУХЬОДУ ВИСАМАНА. БЕРС ХЬАЛА А ЭККХИЙ, ЛОРС САЦАВАН Г1УРТУ. ОЦУ ЙУККЪЕХЬ ВИСАМИН ШИННЕХ А К1ЕЛХЬАРА ВАЛА ВЕЗАШ ХУЬЛУ. ОЦУ ХЕНАХЬ ВИСАМАН ДОТТАГ1 ВАХА ГУЧУВОЛУ)

ВАХА. (И СУРТ А ГОЙ, ВАХА ЧУХЬОДУ ЛЕТАШ БЕРШ КЪАСТОН ДАГАХЬ). Шу хьера девлла! Шаьлтанашца латар декхна дуй ца хаьа шуна баккхийнчара Мехкакхеллахь? (ВИСАМ ВЕВЗА). Висам, хьо вац и? Вайшиъ цхьана тайпана ма ву! (ШАЬЛТА БАТТАРА А ЙОККХИЙ, ЧУХЬОДУ МОСТАГ1АШНА).

(Х1ИНЦА ВИСАМА БЕРС ЭШАВО ТКЪА БЕРС ВАХИНА ДУЬХЬУЛА ВУЬСУ. ЦХЬАТЕРРА ЛЕТА ГОВЗА ЛЕТАШ БУ КЕГИЙРА НАХ. АММА ЛОРС ДАРВЕЛЛА ШАЬЛТА 1ОТТА Г1ЕРТА, ВИСАМАН КУЬЙГАХ А 1УТТУ ЦО ШАЬЛТА.)

ВАХА. (БЕРСИН ШАЬЛТА ДУЬХЬАЛА ШАЬЛТА А ТОСИЙ, ЛОРСИНА ЧУХЬОДУ) Наь1алт хир ду шун ворхх1е а денна! Шаьлта 1отта дихкина ма ду вайнехан!

БЕРС. (ШЕН ШИЧИЙНА Т1ЕХ1ОЬТТИНА ЙУКЪАКХОССАЛО, ШАЬЛТА КХЕТИЙ ЦХЬАНА ГОЛА Т1Е ОХЬАВУЖУ).

(ГУЧУЙОЛУ САНИЙ, ЙАХИЙ. ЙОЬХНА Д1АСАХЬИЙЗА)

ЙАХА. (ШЕН ВЕШИНА БЕРСИНА ВАХАС Т1ЕЙЕХЬИНА ШАЬЛТА ГО, КОЬРТАРА ЙОВЛАКХ ДОККХУШ, БЕРСИНИЙ ВАХИНИЙ ЙУКЪАКХССАЛО)

ВАХА. (ДАРВЕЛЛА БЕРСИНА ТОХА КХИН ЦКЪА А ОЙБУ ШАЬЛТА. ОЦУ ХЕНАХЬ ДЕВНА ЙУКЪАКХОЬССИНА К1АЙН ШИФОН ГО, КОРТА 1УЬЙРА ХАЗА ЙО1 А ГО ЛАЬТТАШ).

ВАХА. (ЖИММА ХЕНА ЙУКЪАНА ЙОЬ1АН ХАЗАЛЛЕХ 1ЕХАВЕЛЛА ЛАЬТТА, Т1АККХА Ц1АЬХ.ХЬАНА Д1АВОЬРЗУ, ЙОЬ1АН 1УЬЙРА КОРТА ГАРАН ЭХЬ ХЕТИЙ. Ц1ЕХХАНА ЛАЗИЙНА ВИСАМ ДАГАВОГ1ИЙ, ЦУННА Т1ЕХЬОДУ. ЧОВ Ч1ОГ1А ЙОЦИЙ А ГОЙ, ДОККХА САДОККХУ).

(ЙАХА А, САНА А, ЛОРС А БЕРСАНА Т1ЕГУЛБЕЛЛА. ГЕНАРА ХЕЗА ОРЦАНАН АЬЗНАШ.)

ЙАХА. (ЙОВЛАКХЦА БЕРСИН ЧОВ Д1АЙОЬХКУ ЙОЬХНА УЛЛЕ КХОЧУШ ЙОЛЧУ АДАМИЙН Г1ОВГ1АНАШКА ЛА А ДОЬГ1УШ, ГОНАХА А ХЬОЬЖУ. ВАХЕХ Б1АЬРГ КХЕТА).

ВАХА. (ЙАХЕХ Б1АЬРГ КХЕТА) Йо1, Везачу Далла гуш ду-кх, аса лоьхуш нисделла дов дац х1ара! Къинт1ера йала суна! (ВИСАМ А, ВАХА А КЪЕВЛАВОЛУ ГУЧУРА).

(УЛЛО ЙОГ1УШ ЙОЛУ ОРЦАНАН АДАМИЙН Г1ОВГ1А АЛСАМА ЙОЛУ. ШИРА НОХЧИЙН МУКЪАМ БЕКА 1АДХЬОКХУЧУ ПОНДАРЦА).

2 СУРТ.

(СЦЕНИ Т1ЕХЬ ИЗЗА СУРТ. ГЕНАХЬ ГУШ ЛАЬМНАШ. НОХЧИЙН ШИРЧУ ЭШАРАН МУКЪАМ. САНА А, ЙАХА А ГУЧУЙОЛУ ЙЕСА К1УДАЛШ А ЙОЛУШ КУЬЙГАХ ОЬХКИНА. ШОВДАНА ЙИСТЕХЬ К1УДАЛШ ОХЬАХ1ИТТАЙО).

ЙАХА. (ГЕНАХЬ ГУШ ДОЛЧУ ЛАЬМНАШКА ХЬОЬЖУ).

САНА. Йаха, муха ву хьан ваша Берс, г1оле ца хил.ла цунна?

ЙАХА. Деллахьа, Сана, чов хьуо йелла цуьнан. Валарг-хит1ера аьккхийн лор Донца валон нах бахийтина дадас.

САНА. Цу Везчу Дала г1о дойла хьан вешина!

ЙАХА.. Дела реза хуьлда, Сана. Шадериг а Делан карахь ду-кх. (Гена хьоьжу).

САНА. ..Тахана ма г1айг1ане йу хьо, сан доттаг1. Шадерг а дика хира ду. Берс а, Даламукъалахь толура ву. Жимма сапарг1ате хилахь, сан йиша.

ЙАХА. Дела реза хуьлда хьуна, Сана. Ахьа даима дог оьцу сан хала киртиг т1ех1оьттича. Х1ун дийра дара техьа аса, хьо йацахьара? Хьан г1уллакхаш муха ду? Висамера х1умма а дац? Цунна а ма йинера оцу девна йуккъехь чов. Ч1ог1а-м ца хилла чов, хаий хьуна?

САНА. Висамас таха вог1ура ву ша аьлла кхуза шовдане. Гура ду-кх и муха да ву и шен дешан. Схьаг1ерта а ца лаьара и, х1ара д1адерзаллца. Вайн йуьртахь вайн к1ентаца дов дарна бехке бо уьш, царна цхьа бекхам бан дагахь бу вайнарш.

ЙАХА. Ца хаьа суна-м, х1унда сихбелла х1орш вовшийн ц1ий 1анон. Вайн къомана санна дукха мостаг1ий болуш къам дай, вайн латта дезаш. Кхуьура бар-кха вайн нах шайн турпала дог1маш т1еман арахь дахка.

САНА. Дала т1е ма дохьийла т1ом бала! (ОЙЛА ЙО). Висаман дага ма даг1ахьара тахана ван

ЙАХА. Йуханехьа ала г1ерташ-м йацара хьо? (ЕЛАКЪЕЖА).

САНА. Йара. Сихха схьа а веъна шех б1аьрг а тохийтина, сиха д1авахийта лаьара-кх.

ЙАХА. Тамашена йу хьо, Сана. Иза цкъа гучуваьллачул т1аьхьа, цунна шена а ма луура дац сиха д1аваха.

САНА. Ша цхьаъ мукъана а ма ваг1ахьара и.

ЙАХА. Х1ун ала г1ерта хьо?

САНА. Кхераме ду цхьаъ ша и вог1ийла. Шен оцу накъостаца мукъана и ваг1ахьара.

ЙАХА. (ТОХАЛО, ШЕН Ц1ЕНЙАЛАР ЦА ГАЙТА Г1УРТУ) Муьлхачу накъостаца боху ахьа?

САНА. Дага ца вог1у хьуна, цунна т1ех1оьттина к1ант? (ЙАХА Ц1ИЙАЛАР ХААЛО) Собардехьа, накъост, хьо ц1ен стенна йелла?

ЙАХА. Мила велла ц1е?

САНА. Хьо ц1ийелла-кх! Хьуна хьайна ган йезара хьайн йогуш йолу беснеш. И вуй и к1ант?

ЙАХА. Мила к1ант…

САНА. Ахьа соьга вийцинарг. Аса лохура ву аьлларг. Дере дел суна, и вуй и?

ЙАХА. Ву… Амма…

САТА. Х1ун… амма? Х1инца-м вайх к1елхьара вера вац хьуна и! Ц1е муха йу цуьнан?

ЙАХА. Ца хаьа.

САНА. Х1умма а дац, сан Йаха. Аса тидам бира и к1ант оцу дийнахь хьоьга муха хьаьжира. И 1енлур вац хьо ган вуха ца веъча.

ЙАХА. И ду-кх со уггаре а кхоьруг. Сан вешина чов йарна куьйг бехкенарг и ма ву. Веза Дела, х1ун дан деза аса! Иза а ма ву 1овхойн тайпанах. Мостаг1! Суна-м и б1аьрга ван ца веза веза! (Б1АЬРГАХ ХИ ХЬОДУ) Ткъа соьгахь и ца веза ницкъа бац…

САНА. (ЙАХА МАРАЙУЛЛУ) Декъаза сан йиша! Шадериг а дика хира ду… гура ду хьуна! Вайн тайпанашна йуккъера дов д1адоьрзур ду машарца. Хьуна хьайн ирс карийра ду, Даламукъалахь!

ЙАХА. Боккъал бохий ахьа? Машар хир буй… (Б1АЬРХИШНА ЙУККЪЕХУЛА ЙЕЛАКЪЕЖА).

САНА. Ду. Бакъ ду и, Даламукъалахь! Собардехьа… Хьуна хезарий?

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.