реклама
Бургер менюБургер меню

Вахит Хаджимурадов – Ваха, Йаха. II дакъехь драма (страница 1)

18

Вахит Хаджимурадов

Ваха, Йаха. II дакъехь драма

Декъашхой:

Ваха – жима стаг, 17 шо, овхаройн тайпана;

Йаха – 16 шо долуш йо1, чинахойн тайпа;

Эмза – Йахин да;

Сата – Йахин нана;

Берс – Йахин ваша;

Висам – Вахин доттаг1а, овхаройн тайпана;

Сана – Йахин накъост;

Т1аус – жима стаг, тумсойн тайпана;

Овда – Йахин шича;

Элси – Йахин шича;

Лорс – Йахин шича;

Донса – Валаргт1ера лор;

Куьри – лор ингалсхо;

Молла – йуьртана молла.

I ДАКЪА. 1 сурт.

ХVI- Б1ЕШЕРИЙН ЧАККХЕНА ЗАМА. ЛАЬМНАШ. ШОВДАНА ЙИСТЕХЬ ДИТТАШ. ШОВДАНА ЙИСТТЕХЬ БЕРД, ОХЬАДОГ1УШ ХИ. СЕХЬА МАЙДА. ЗУДБЕРИЙН ЭШАР: ДАЙМАХКАХ, БЕЗАМАХ. Т1АУС ШОВДАНА Т1Е ВОГ1У. БАСАРЕН Г1ЕБАРТОЙН Г1ОВТАЛ ЙУЬЙХИНА ВУ. ШАЬЛТА, ДОЬХКАНАХ ЙОЬЛЛИНА НОХЧИЙН ТАПЧА.

Т1АУС. (Г1АЙГ1АНЕ ГЕНА ХЬОЬЖУ, ЦХЬАЪ ЛОЬХУ) Йаха… Йаха… мичхьа йу хьо? Луларчу йоккха стага Датус къайлаха ма аьллара соьга, Йаха шовдана йистте йан реза хилар. Со ган дагахь. Соьца! (СИНТЕМ БОЦУШ Д1АСА ВОЛАЛО. РЕЗАВОЦУШ) И ма хьенйелла. (ЙОГ1ИЙ ХЬОЖУ)

(ЙАХА САНИЙЦА ДЕХЬА АГ1ОРА ГУЧУЙОЛУ К1УДАЛШЦА. ЦХЬАЪ ДУЬЙЦУШ САМУКЪНЕ ЙОЬЛУ)

ЙАХА. Хьажахьа, Сана, хьоьга хьжуш-м вац и «г1ебарто»?

САНА. Х1ан-х1а, сан доттаг1, иза лерамен жима стаг хьо лоьхуш ву.

ЙАХА. Х1унда ву и соьга хьоьжуш?

САНА. Йаха, дицделла хьуна?

ЙАХА. Х1ун дицделла? Ца кхета со, хьо х1ун ала г1ерта. Алий йалахь. Даима санна бегаш бо ахьа.

САНА. Ца бо аса бегаш, Йаха, дицделла хьуна Датус вайга хаьттина, маца хьо г1ура йу хи да шовдана? Схьалаца хьайна!

ЙАХА. Хирг хира дац! (ЙЕЛАКЪЕЖА). Со иштта ца ловзу.

САНА. Безамах кхеттарг а, т1амт1ехь санна воьхна хуьлу.

Т1АУС. (ЗУДАБЕРИЙН АЬЗНАШ ХЕЗИНА СХЬАВОЬРЗУ) Суьйре дика хуьлда, Йаха! Дика дац, хьайга хьежийта дика нах.

ЙАХА. Хьан хуьлда суьйре дика… дика стаг! Со-м ца кхета ахьа х1ун дуьйцу.

Т1АУС. Хьуна муха ца хаьа? (ША ШЕГА) Хазачу маьхкарийн амал йу моьтту суна иштта. (ЙАХИГА) Хьоаме йо1, хьажахьа, со атта оьг1аза воьдучарех вац хьуна. Делахь а, маьхкаршкахь товш хета суна шега аьлларг дар а, шен дешан да хилар а.

ЙАХА. Бехк ма билла суна, жима стаг, хьан ц1е а ца хаьа суна. Делахь со-м йац ахьа дуьйцучунах кхеташ. Кхин цкъа а бехк ца биллар доьху, сан аг1ора хьуна цатам хиллехь.

Т1АУС. Аса ма элира хьоьга, со дегабааме вац. Ткъа ц1е-м Т1аус йу сан. Со тайпана турсой ву.

САНА. Жима стаг, хьуна хаан деза тхо йахьйолчу хинахой тайпана хилар, ша и нахчой санна ширачу тайпана.

Т1АУС. Йо1, тхайн лерамен турсойн тайпана баккхийчу наха олуш дерг аса дика кхетийна. Шадолу вайнехан тайпанаш лерамен ду. Ткъа шун хинахойн тайпа сан дегана ч1ог1а йуххера а ду.

САНА. Вай массо а ду цхьана ц1ийнах, амма тхан хинахойн тайп тоьллачех ду!

Т1АУС. Шун тайпана йуккъехь болу маьхкарий Йаха санна хаза белахь, со реза ву хьоьца, хьоме йо1. Хьан ц1е Сана йу, схьахетарехь. Амма со цхьа, ши дош ала лууш вара хьан накъосте, хьо теш а йолуш. Йаха, ахьа пурба лой суна.

ЙАХА. Лераме Т1аус, аса пурба ло хьуна.

Т1АУС. Дика йо1 Йаха, хьо дуьххьара суна гинчу хенахь дуьйна со кхийтира, хьо суна ч1ог1а тайна хилар. Со х1окху дуьнаначохь уггаре а ирсе стаг хир вара, ахьа суна хьо йолчу ван пурба делчи. Хьо ган шовдана йистте ван пурба лой ахьа суна?

ЙАХА. Лераме Т1аус, аса бехк ца биллар доьху, нагахь санна аса сайн лаам боцуш, хьуна бахьана даьккхинехь иштта ойла хьоьга кхоллайайта. Дукха бу вайн хаза а, дика а маьхкарий. Хьо ирсе вен йериг карор йу хьуна.

Т1АУС. Иштта муха эр ду! Йаза, т1ехьийзаш к1ант хила веза хьан т1аккха.

ЙАХА. Т1аус, вайнехан к1ант кхеттал х1ума аьлла аса хьоьга.

Т1АУС. Со нийса кхеттехь, хьан т1ехьийзаш к1ант вац. Суна бакъо лохьа, хьайн ойла хийцайаллалца хьежа.

ЙАХА. Товш дац, вайнехан йо1ца иштта къамел дар.

САНА. Хинахойн йо1ца иштта къамел дар кхерам боцуш а дац, цул сов! Лераме Т1аус, тхо 1адда дитар доьху ас. Тхо хазахета ца даьхкина хин йисте, хи эца а ма дезий тхан.

Т1АУС. Хьоме маьхкарий, бехк ца биллар доьху аса. Аса кхин новкъарло ца йо шуна. Маьрша 1ойла шу!

САНА. Маьрша г1ойла хьо а!

(Т1АУС Д1АВОЬДУ)

САНА. Хьажахьа цуьнга г1ебарто санна къаьрзина духан а дуьйхина! Йаха, ледара-м вац турсойн к1ант.

ЙАХА. (ОЙЛАНЕ) Деллахь йу со, и турсойн к1ант вайна бале вер ву моьттуш.

САНА. Сан доттаг1, цо х1ун дуьйцу! Д1аваккхахь. Шадерг а дика хир ду, Даламукъалахь! Вайшинна а вер ву уггаре а дика ши к1ант, вайшиъ а хир йу ирс долуш, Даламукъалахь!

ЙАХА. Хьуна атта ду иштта ала, хьо хьайн овхой к1антаца йу. Бакъ дерг дийцича, ахьа цуьнца харцо йуьйцу. Ткъа цо хьо лоруш лелайо, оццуш сийдоцуш йелахь а.

САНА. Цо лоруш ца лелайо… (ЙЕЛАЛО) Цо йезаш лелайо, со ца хилчи дуьненахь ца ваххал.

ЙАХА. Сана хьо ма тамашена йу. Иштта хила мегара ма дац к1антаца.

САНА. Курхаллаш ца йайта цуьнга. Цо х1ун боху хаий хьуна? Шайн овхойн тайпа жа дажош ду боху Г1ой-хина а, Г1ум-хина а йуккъера аренашкахь. И бахьана долуш шайолу йо1 а шен нускал хила деза моьттуш а ву. Вайн тайпа к1езига девзаш дац. Хазбек лома т1ера Къора-хи х1орда т1е кхаччалца девзаш ду вайн тайпа а.

ЙАХА. Битахьа и къийсамаш божаршна. Коьртаниг к1ант дика хилар ду, хьо цунна дукхайезар а. САНА. (Ц1АЬХХЬАНА Т1ЕЙОГ1АЛОЙ СОЦУШ) Собардел, накъост, цхьаъ везавелла хьуна? Дийцал суна.

ЙАХА. (ЭХЬ ХЕТИЙ) Д1айалахь. Даима духе йала г1ерта хьо.

САНА. (ХЬАСТАЛУШ) Алахьа, сан Йаха, мила ву и?

ЙАХА. Цхьа а вац-кха. (ОЙЛАНЕ) Гучу а ваьлла вай-кх.

САНА. Муха вайна! Аса дера вара и ворх1 ломал дехьа а каравийра сайн Йахийна!

ЙАХА. Сана, хьоме Сана, суна ма ца хаьа цуьнан ц1е а.

САНА. Х1умма а дац, и соьгахь вита ахьа. Вайн б1аьрсизах к1елхьара вер вац и. Сан хазаниг, хьо цкъа б1аьра гинарг, вуха ца ихча 1енлур вац хьуна ша велла д1аваллалца. Хьо сан малик ма ду!

ЙАХА. К1ант санна ч1ог1а йу-кх хьо, хьо йацахьара йиш йан а йацара.

(ГОВРИЙН БЕРГИЙН ТАТА ХЕЗА ГЕНАРА УЛЛО ДОГ1УШ. СОЦУШ ХААЛО. ГОВРАН ТАРСАР ХЕЗА. МАЬХКАРАША К1УДАЛАШ ОХЬАХИТТАЙО. Г1ОВГ1А ЙОЛЧУ АГ1ОРА ХЬОВСУ)

ЙАХА. Цхьаъ вог1уш-м ву. Хезий хьуна?