Вахит Хаджимурадов – Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) (страница 3)
Х1инца-м вист ца хуьлуш тапъаьлла 1ара Йага. Амма иза кхин метта ца воуьйту вукхушимма, кхин а зударийн мекарлонех дуьйцуш. Ткъа шен Босбикина оьг1азвахна Йага-м вац цара дуьйцург хезачохь а. Йагина дагадог1у, ша Босбикига шена к1ентий беза бохушшехь вукхо йо1арий дуьнен чу бохуш хилар.
– Х1ан, 1одика йойла! Со д1авоьду, – ц1аьххьана Йагас аьлча, ши накъост кхетта шаьшшимма аьлларг кхочуххиларх. Цара-м, сацо г1ерташ, г1еххьа дехарш а дира, амма Йага д1авахна дукха хан ялале цунна т1аьхьа вахара и шиъ, шаьшшиннан синкъерам хьалха буйла кхетта.
Йагас ша чукхачарца сиха долийра шен Босбикица дов, къайлаха ладуг1учу накъостийн самукъадоккхуш, Босбика а елаелира Йагас дуьйцург хазахетта. Амма ц1индас пеша хьалхара схьаэцна дечиг детта долийча, Босбикина орцахбевлира къайлах ладуг1уш хилла Хьаппий, Шовхаллий.
Авторо философин х1илланца чекхдоккху шен дийцар. Босбикин бутт сов зама яьлча доьзалхо хилира. Иза к1ант вара…
Бурчаев Хьаьлиман дийцарш шен меттан башхаллашца а кхечу авторийн дийцарех мелла а шен юьхь йолуш къаьсташ ду. А. П. Чеховс ма-аллара: «Йоцалла – пох1ман йиша ю». И дешнаш ду, аьлча нийса хир ду, Хьаьлиман дийцаршкахь коьртаниг. Цул а мехалниг, и дийцарш вайна ч1ог1а юххера хилар ду, уьш вайн дахар юккъера говзачу куьйгашца схьаэцна Хьаьлима.
Нохчийн къомо х1инца кхуллуш, карладохуш, шардеш ду шен турпалхойх Чорех, Молнесартах забаре дийцарш. Хьаьлиман Йага а ву, цхьана меттехь ца лаьтташ, ч1ог1а йоккха т1аьхьало хир йолуш турпалхо. Цуьнах Хьаьлиман кхин а дика дийцарш х1инца а язданза ду, аьлла хетта.
2005 шо
Аналитикан статья. Маршонах маьрша ойланаш. Цуруев Шерипан 1илманан талламах дош.
(Аналитическая статья по научно-публицистической работе известного чеченского поэта и писателя Цуруева Шерипа «Свободные мысли о Свободе»)
Нохчийнчохь а, Нохчийчоьнан дозанал арахь а дика вевзаш волчу поэта, публициста, бина талламан болх барам боккха боцуш белахь а, чулацам боккха а, к1оргге а, ойлайойтуш а бу. «Маршонах маьрша ойланаш» статья араяьлла 2003 шарахь, «Орга» журналан №8 т1ехь. Шерипас ма-аллара, дахаран юкъаметтигаллийн талламаш беш нохчийн маттахь зорбанехь арабевлла 1илманан философски белхаш бац, исбаьхьаллин литературехь вайн г1арабевллачу яздархоша бина талламаш а, хетарш а доцург.
Шерипан статья кхаа декъах лаьтташ ю. Юьхьанца олуш долчу дашна т1ехь а, «Хаттаран исторех…» ц1е йолчу шолг1а дакъана т1ехь а антични философашна т1ера схьа ХХ б1ешере кхаччалца философин ойла а, оцу ойланах дуьненахь а г1арабевллачу философаша аьлла долу шайна хетарг довзийтуш йоцца экскурс еш д1айолайо автора шен статья. И белхаш дерриге а дуьненахь бевзаш а бу, церан бухт1ехь а, уьш 1аморан 1илманан а белхаш беш бу дукха хенахь дуьйна. Цундела вайна коьртаниг а, довза луург а Шерипас шегара аьлла дош, цуьнан синкхетам, цо ен философски ойла а ю. Дуьненан философин коьрта ойла статьян автора т1еялайо «маршо» бохучу терминна, маршонах бусалба динахь муха кхета олуш чекхйоккху Шерипас шен ойланаш. Цуьнца цхьабосса д1адолало статьян кхоалг1а дакъа «Маршо – нохчийн кхетамехь» – Шерипан коьрта ойланаш. Стоммачу сизца схьайог1у ерриг а статьяна т1ехула авторан ойланех цхьаъ: стенах алан деза маршо, бакъ йолу маршо, оцу дешах хетарш а, ц1е а, кеп а йоцуш. «Адамо беш болу берриге исторически некъ иза маршоне беш болу некъ бу», – аьлла хета цунна. Нохчийн къоман маршонах кхетар а, сатийсам а: «дукхха а б1ешерашкахь дуьйна нохчийн къоман коьрта идея хила схьайог1уш ю». Амма «Шайх-Мансура бина г1аттам а, Таймин Биболта латтийна къийсам а, имам Шемална т1аьхьа х1иттина 25 шарахь бина т1ом а, кхин цул т1аьхьа нохчаша бина т1емаш а нохчийн кхетамехь йолу маршо бахьана долуш хилла аьлча нийса хир дац. Маршо езар хила тарло нохчашка т1ом байтинарг, амма оцу т1емаша ца кхетадо вай нохчий маршонах, гучу ца доккху нохчийн маршонан маь1на. Ц1е йоцург, кеп йоцург оцу нохчийн маршонах к1еззиг х1ума доьзна ду 1995—96 шерашкахь бинчу т1емашца…» бохуш долу авторан дешнаш мелла а чолхе ду кхета. Х1унда аьлча юьхьанца схьайог1уш йолчу ойлана «герз карахь бинчу къийсамийн 1алашо а хилла маршо…» мелла а дуьхьало еш уьш долу дела. Делахьа а цул т1ехьа дог1учу мог1наша кхетаво дешархо авторо, х1унда хета шена иштта аьлла. «Нохчийн маршо дуккха а шуьйра а, к1орга а ю. Нохчийн маршо – иза адаман маршо ю, юьхьшен (личностни) маршо ю, чоьхьара дуьйна «арайолуш йолу» маршо ю. Адаман, юьхьшен маршо дуккха а йоккха а, хьалдолуш а, диканиг кхолла таронаш йолуш а ю къоман, пачхьалкхан маршоне, я «ц1енна» арахьарчу (социальни) маршоне хьаьжча. Къоман, пачхьалкхан маршо адаман абстрактни, генара х1ума хила йиш ю дукха хьолахь, оцу тайпанчу «маршоно» адамна ницкъ бан тарло…». Авторан оцу дешнашна т1етоха деза аьлла хета кхин а цхьаъ: 1995—96 шерашкахь а, цул т1ехьа а бина т1емаш х1инцалера дукха социальни а, политически а, экономически а хьелаш хьадеш, уьш бахьана долуш а хилла бу. Цуьнан коьрта бахьана импери йоха тохаялар а ду, СССР ца йоьхнехь нагахь санна, Нохчийчохь т1емаш хир бацара. СССР йохарх, импери ца йоьхнера, империно шен дийналла йохаран кхерамна инстинкт бахьана долуш, салаца тохаделлачу дег1о санна, болийна къийсам бара и т1емаш. Жимчу Нохчийчохь и т1ом ца баржийнехь, империна йохаран кхерам бара. Оьрсийн меттан регионаш ларалуш йолчу Сибрехан цхьайолу регионаш а яра суверенитет кхайкхош, т1ехьа сиха лергаш та1ийна 1ийна Татарстан-м йийца а ца оьшура. Бакъдерг дийцича, Татарстана шайна йоьхуш йолу бакъонаш, цунна сиха д1а а елира, Нохчийчоьно йоьхуш ерш а яцара кхин дукха, ша к1езига яцахь. Ткъа Нохчийчохь х1унда болабелира т1ом, оцу хаттарна а ду цхьамогг1ара жоьпаш. Царах цхьаъ ду исторически дагалецамаш, генни ларамехь къомана дагайог1уш йолу къизалонаш, (къоман цхьа а бехк боцуш!) Оцунах пайда ийцира «т1еман партийно», нохчий-м бацара и т1ом шайн кхетамехь бан 1алашо йолуш а, Росси церан пачхьалкх хилла яьллера. Россино нагахь санна ницкъала уьш пачхьалкхана юккъера арабаьхнехь а, уьш буха оцу федерацина юкъа баха г1ерташ т1ом бан тарлуш оццула ч1ог1а боьзна бара Россица. Оцуьна бахьана вай т1ехьо дуьйцура ду. Ткъа х1инца Шерипан статьян кхин д1а а йолчу ойланех сайна хетарг ала лаьара суна, мелла а статьян чулацам а буьйцуш, сайн ойланах шу кхетийта.
Нохчийчоьнан Россица 1оттабаккхамаш а, т1емаш а буьйлабалале хьалха нохчийн хиллачу юкъараллин д1ах1оттаман анализ ю Шерипа кхин д1а шен статья т1ехь еш ериг. Шуьйра хууш долу х1уманаш ду уьш дукхахдерш «Х1етахьлера нохчийн юкъараллин д1ах1оттам дуккха а б1ешерашкара схьабеъна ламасталлин д1ах1оттам бу. Кхузахь дац регулярни эскар, полиции, Бац элий а, лай а. Нохчийн юкъараллин структура чолхе яц. Иза маьршачу нехан юкъаралла ю.» Вайн 1илманчаша-талламхоша а историкаша а дукха дуьйцу нохчийн эзара шерашкахь кхолладелла юкъалалин д1ах1оттаман сурт. Шерипас а олу цунах шена хеташ дериг. Амма суна к1езиг хеза оцу аларшна чекъдаьлла сурт х1оттош олуш долу дош. Масала т1етоха лаьара оцу аларшна сайна хетарг а. Дуьнена г1арабевллачу политикаша, историкаша, философоша 2500 шо сов хенахь дийцар деш ду маьршачу демократически адамийн юкъараллех, марошонах лаьцна. Амма и дийцарш, Шерипас ма баххара, Европан хиламашна т1етевжина ю, уггар коьрта лаьтташ ериг оцу дийцаршкахь пачхьалкх ю. Пачхьалкхан дозанан юккъехь, пачхьалкхан барамехь хьовсарш до оцу проблемана дуьненан 1илманчаша. Нийсо лелош йолу пачхьалкх, «дика паччахь», аьлча а демократически пачхьалкх – и ду коьртаниг оцу дийцаршкахь. Пачхьалкх адмаша шайн дахарехь эзара шарашкахь кхоьллина, ца хилча ца йолуш структура ю боху цара. Европан х1инцалера пачхьалкхаш гойту цхьаболчара бос балош масалаш деш царах. Амма Шерипас шен статья т1ехь, дуьххьара бохург санна, аьлла: нохчаша бина т1ом пачхьалкхана дуьхьала бина бу, оцу тайпанчу адамийн юкъараллин структураца. «Халкъ а, мохк а Россис шен дозанаш чулацар ца хета суна нохчаша Х1Х б1ешарахь оьрсийн эскаршна дуьхьало яран а, ХХ б1ешеран чаккхенехь т1емаш хиларан а бахьанаш… Уьш ца г1овтту, ма-дарра аьлча, пачхьалкх йилла. Уьш пачхьалкхана дуьхьал г1овтту. Пачхьалкхо шайна ницкъ барна, пачхьалкхо шайца лелош йолу харцо лан ца лой г1овтту…» Амма хетало Шерипас а чаккхе йоллуш цунах лаьцна ца алар. Дикачу пачхьалкхо нохчийн латта д1алаьцна хиллехьара, нохчаша и атта т1еоьцур дара алан г1ерташ хетало. Нохчий шайн пачхьалкхан дозана чу лоцучу хенахь Росси шен къам а, нехан къаьмнаш а лай дина (крепостное право) къизаллах юьззина пачхьалкх хилла. Амма, суна хетарехь, оцу хенахь баьхна нохчий, церан 1ер-дахар, «пачхьалкх» олуш йолчу терминна, и мел дика хиллехь а, гена хилла, (генна хьалха!) Шерипас шен статья т1ехь шуьйрра йуьйцуш йолу Х1Х б1ешарахь нохчашна юкъахь хиллачу адамийн юкъаралла дуьненахь пачхьалкхаш мел ю цаьрца цхьана тарлур йолуш ца хилла. И хета суна Х1Х б1ешарашкахь нохчаша латтийначу къийсаман а коьрта бахьана. Пачхьалкх, мел ч1ог1а и демократи ларош елахь а, цуьнан маршо пачхьалкхан чулацам болуш ю, ткъа пачхьалкх мел диканиг а и юьхьшен маршо шенчул а лахар лоруш ю. Пачхьалкхан дозана т1ех яла г1оьртича юху шайолу а кхин маршонаш, юьхьшан а, адамийн а, экономически а, кхин ерш а.
Шерипан статьян кхин цхьана аг1онах лаьцца а ала луур дара суна. Цо к1орггера а дика хаарш долуш а дуьйцу нохчийн 1ер-дахаран хьалха хилла чулацамаш, х1инцалерачу заманца церан уьйр а ялайо цо. Амма цо а, кхин болчу таламхоша а т1е тидам ца бохийтуш дерг и х1инцалера нохчий Х1Х б1ешарахь хиллачу нохчех къаьсташ хилар ду. Аса лакхахь ма-аллара, Х1Х б1ешарахь къийсам латтийна нохчий пачхьалкхана дуьхьала т1ом беш х1аллакхилла, дийна бисинарш «пачхьалкх» кхетаман к1елахь совцан безнарш бу. Церан дуьненах болу кхетам, адамийн юкъаметтигах болу кхетам хийцабелла, пачхьалкхан институташа са ца до1уш къахьегна уьш шайн исторически хьолашкахь, нийса аьлча, лахарчу т1ег1ана т1е охьабаха. Х1унда аьлча муьлхха а пачхьалкхан структура, коммунизм олуш йолу утопи а цхьаьна, шен идеалехь нохчийн Х1Х хилла йолу адамийн юкъаметтигийн структурана дуккха а т1ехьайуьсуш ю. Вайн къомана гонаха Х1Х б1ешарахь хиллачу пачхьалкхаша «д1а ца кхоллуш» йуьсур яцара жима Нохчийчоь, амма х1инцалерачу заманахь а ду гонаха 1аш долу къаьмнаш нохчашна шайн культуран, меттан а т1е1ат1къамаш бан шадериг а деш. Вайн матте ладоьг1ча а гуш ду и, аса дуьйцурш дац т1е ца эцча ца довлуш т1еэцна дешнаш. 1арбийн, Европан культурашна юкъанисделла ду вай х1инца а. Кхетадеш ду, дуьне мел доккха делахь а, глобализацино цхьатерра баса далориг хилар массо а къаьмнаш, культураш.