Вахит Хаджимурадов – Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) (страница 2)
Асланбека шен х1усамненаца, маьнги к1елхьара дуьхьалатийсалушшехь, хала озийна схьаваьккхинчу Йагина гина сурт дахар ч1аг1деш ду. Эзарнаш адмашна х1ора дийнахь гуш, уьш цец ца дуьйлу сурт: чоь, кор-не1, истол, г1ант, маьнга, т1ех1оьттина дийна х1ара санна ши адам. Гуш, буьрса жоьжахатин ц1е а йоцуш, тамехь эсала йовхо луш нохчийн пеша чохь догу дечиг. И ц1енчу дахаран хаза сурт ду, Йага цига юхакхойкхуш санна гуш. Х1ора Хьаьлиман дийцаран баснехь санна жам1 деш нислучу чаккхенехь санна, Йагин оцу чоьнах самукъадаларо цунна дахарх чам карлабаларо гойту Йагин коьртехь мелла а дикчу аг1ор хийцамаш хиллий.
Мелла а историн аг1онаш гайтина а ца 1аш, оцу тоьшаллийн Йагин г1оьнца, шена хетарг, шен дуьне гар вайна довзуьйту Хьаьлима «Талорхой» ц1е йолчу дийцарехь.
1993 шераш хала а, декъаза а киртиг яра Россин пачхьалкхехь. И дамар цу хилла яхана яра советан империи, шена т1аьхьа ийзош яра цо, Росси а. Ахдуьне д1алаьцна лаьттачу пачхьалкхан массо маь11ехь карзахбевллера талорхой, зуламхойн тобанаш. Акха капитализм яра шен ира, луьра к1омсарш къерзош пачхьалкхана. Оцу хенахь, суна хууш, 1аламат онда зиэнаш дара Читински областина а, Китай пачхьалкъана дозанехь Аргунь ц1е йолчу дозанан хи техь, Краснокаменск-г1алахь. Сецош ц1ерпошташ, вагонаш яссаеш, шайна г1аролаша дуьхьало йича, и вагонаш ц1е туьйсуш ягош, та1зар латтош бара цигара талорхой. Оццул йоккхачу пачхьалкхехь масане хилла хира ду и санна масалш. Талорхоша лелориг-м берийн ловзар дара. Заводаш, фабрикаш, мехкдаьттан, газан дийнна отраслешан керла дай буьйлуш бара, беламе, к1еззиг мехаш луш, уьш шайн долайохуш, караерзош. Иштта инзаре къиза а, хала а вайн пачхьалкъана т1ех1оьттина хиллачу киртигах цхьа жима цинц бу Хаьлима «Талорхой» дийацарехь хьабинарг.
Кхечу аг1ор хила йиш а яцара, Нохчийчохь да воцуш, адам доьхна, шаьш х1ун дан деза ца хууш лела хан ю иза. Белхаш боцуш, генара белхаш боьхна, алапаш доцуш, къам б1арзделлера, оцу къомана юккъехь собар к1езиг дерш, аьрха нах а нислора.
Шен дийцар долош, Хьаьлима юьхьанца гойту вайна, мела а оцу къизчу хиламашна йистехьуо нисбеллачу ламанхойн 1ер-дахар.
Йагин Бийтар-эвлахьцкъачунна тийна дара. Эвлахь кест-кестта д1айоккхучу токуо а, лахара хьала хезаш долчу къамелаша гойту х1окху тийналлина а т1ег1ерта йоккхачу пачхьалкхехь а, къаьсттина Нохчийчохь, хилла хийцамаш, бохамаш.
Амма Хьалима кхуллу метан говзачу исбаьхьаллин г1ирсашца шатайпа сурт, хьалха санна коьрта турпалхо Йага а волуш, кхоьллина басарш ма-торру юьстаха а тоьттуш. Беламе дийцаршкахь бохаман суьрташ гайта къаьсттина дика пох1ма а, йозанан говзалла а, адамийн амалш евзаш а, адам дезаш а хила веза яздархо. Ткъа Хьаьлим х1окху дийцарехь дика ларавелла и декхарш кхочушдеш. Цо беламе гойту цхьаберш, иза доггаха воьлу вукхарах, амма яздархочун беламна юккъехь, дикка цуьнга ладоьг1ча, къаьста оцу адамах цуьнан шен дог лазар а, боккха къинхетам а.
Йага-м шен зудчо Босбикас лелийначу урда т1ера далараш санна йолу хьаьжк1аш чуерзийна, оцу рицкъанах а воккха а веш 1аш вара. Амма Йага санна болу ламанхой карзахбоху лахара рицкъах йоьттина машенаш цхьаберш хьалакхийла боьлча, Йагина дагайог1у хьалха обаргаша Теркал дехьара кхийлина реманаш. Яхье волу шен доттаг1ашца Хьаппица, Мушуца, Шовхалца а. х1ара, наха лелочуьнга хьожий, ойла ца еш, юкъаг1урту, ткъа цунах х1ун хуьлу вайна гур ду дийцаран чулацам вай теллича.
Гуьмсе-г1ала Йага д1акхаьчча, цецволий вуьсу. Ерриге а Нохчийчуьра гулделла адам хуьлу, аьчканекъан бохалла д1а а, схьа ц1ераш ягош 1аш. Х1оккхузахь ву Йагин кхоъ накъост а, цара шайн доттаг1чунна хьоьху вагонаш т1ера х1ун мехала ю а, яц а.
Йоттуш шашлык а хааели, малар а ду, шелонца къийса атта хилийта. Беламца гойту яздархочо кхузахь адамийн амалш талхар йоццучу хан-заманахь. Иза гайта аьтто болу х1окху наха, синкъерам бу бохуш оцу юккъехь маьттаза лела адамаш, дуьйцу къамелаш гайтарца. Къоман сийлахь йолу амалш, оьздангаллаш хьоьшу кхуза гулделлачу адамо. Схьахетарехь, иштта кхин генадалахь Нохчийчуьра массо маь11ера кхуза схьагулбеллачу наха, берриге махкахь даржор ду и къам маьттазадоккху долу х1у! Иман даржош йолчу халкъан институтан векалш а хаало йистехьуо назманаш олуш. Йагин аьтто а болу цаьрга хаттар дан. Халкъан оьздангалла яржош хуьлучу синкъерамехь шена цакарийнарг а, лоху Йагас дешначу нахехь. Амма кхуза гулбелла бакхий нах а бу шайн рицкъ кхузахь ду моьттуш, Дала шайна делла. Шайна бег1ийла хеттачу аг1ор дерзадо цара, рицкъа х1ун ю аьлла, олучух шаьш кхетар а. Ц1ера арадаьхначу хенахь шайгара даьккхина, лулара къаьмнаша шайна дерзийна рицкъ а долучух тера ду цхьаболчарна х1инца а дагадог1уш. Уьш бу и рицкъа ц1ера арадаьккхинчу къомана Дала х1инца юхасхьахьажийна моьттуш, шайн дог оцунах 1ехадеш. Милла ца дала а, шайна мелана а олий, оцу адамаша-м зуькаран ч1уг а хьовзайо.
Х1инцале а шайх дог даьккхина, шайн харц дог-ойла гайтина нах, ц1ерпошт генна 1аьхаш хезча кхин а ирча беламан суьртаца гойту авторо. Чуетташ яккхий тоьпаш елахь а, юкъахдоккхуш доцу ламаз санна, деза лоруш долу зуькар деш берш, цхьамма омра дича санна, совцу. Уггаре инзаре беламехь ду, оцу Далла г1уллакъдеш болчу баккхийчу наха, ц1ерпошто дохьуш дерг шайна зуькар дарна мелана дохьуш саг1а ларар. И нах-м болчух тера дац ялсамане т1е кхаччалц хьежа шайн зуькарна ял схьаэца.
Амма оцу т1ехь а авторо гойту кхин а къиза а, беламе суьрташ. Чухецаделлачу адамаша сецначу ц1ерпоштан вагонийн не1арш йоьллу, дог1анаш дохош. Чухьаьддачу адамо когаш к1ел воьжнарг а г1атта ца вуьтуш, хьоьшу, т1е когаш бохуш, т1ехлелха уьш вагонашна чу. Ткъа дамех юьззинчу вагонан мах а къиза хадабо цара: «Ж1аьлеша даарг, деккъа цена дама бен дац кзу чохь-м!»
Уьш ду-кх ц1ера арабаьхначу хенахь мацалла лайначу нехан бераш!
Йага а ву хьеребирзинчу наха шен б1аьргаш чохь шайн къиза це латийна, б1аьргах сара кхетча санна, д1асауьдуш. Х1окхунна а, шайн зеделларг долчу накъосташа ма-1аммора, ца деза дама! Мандаринаш! Шекар! Амма репортеран буйнарчу кинокамерина т1еветтало иза. Уьстаг1ий чохь долуш вагон ю аьлла хезча, цига а хьоду Йага. Амма оцу адамашна массарна а дан дог1ург шен Йагина т1ехь до авторо. Вагон чуьра аракхуьссу уьстаг1ий д1асаидош ду адам, Йагас, катухий, биъ ког а лоций, шен гитуху уьстаг1, амма х1окхуо уьстаг1 бу моьттуш ги тоьхнарг и усьтаг1ий лардеш хилла ж1аьла хуьлу. Адмийн юьхь яйъина, ж1аьлин кепе дирзинчу адмана дог1урш шаьш санна ж1аьлеш ду! Оцу адмалла дайна хьийзачу адмашна дог1ург кхин цхьаъ а шен Йагина т1ехь гойту Хьаьлима. Наха шайн дезар дина висинчу вагон чохь шена ижу лаха вулу Йага. К1адех, пхьег1ех а ца вешачу Йагина хаало ц1ерпошт д1айоьдуш. Х1ара чукхоссавала ца кхуьуш ц1ерпошт чехка йолу. Йага х1инца Дег1астанера дозанахь лаьттачу 1едалан белхалошна нийсса кера д1ахьош ву. Ша саннарш алссам хиларна, Къедин-юьртахь сацийначу ц1ерпоштан керара волий, г1аш ц1ехьа лаьмнашка вог1у Йага.
Дийцар чекхдолуш, кхечу дийцаршна санна, жам1 дар, чаккхенца олу дешнаш кхин хьехаме дацахь а, к1оргга маь1на долуш ду, дийцар дешнарг бен кхетар воцуш а ду.
«Къедин-юьртахой санна, дика нах кхечу ярташкахь бу аьлла хеташ-м вац со!» – Йагин ойланца дерзадо шен дийцар Хаьлима. Къедин-юьртахой-м шаберш а вон хуьлийла дац, ткъа диканаш буй Йагас хестораш?
Доцуо делахь а, мела а философин чулацам болуш а ду Хьаьлиман «Зударийн саьхьарло» ц1е йолу дийцар. Дика делахь а, вон делахь а, кхин 1алман суьрташца басарш ца кегош, шена дика евзачу адамийн амалшна, дог-ойлана т1е тидам бахийтина авторо х1окху дийцарехь а. Кхин цхьаъ а ду, вай хьалха ма-къасттора, Хьаьлиман шен дешан говзаллица аьтто баьлла х1окху дийцарехь а, нохчийн къоман барта дийцарех пайдаоьцуш, шен дийцаран чулацамца дийна цхьаъ хуьлуьйтуш уьш иэдан. «Зударийн саьхьарло» дийцарехь Хьаьлима пайдаэцна шина нохчийн забаре дийцарх.
Х1окху дийцарехь Йагица цхьана жигара дакъалоцуш ву х1окхуьнан ши накъост Шовхал, Хьаьппи. Сюжетан коьрта ойла хьаьвзи зударийн, божарийн амалш самсаяхарна гунаха. Йагин зудчуьнга Босбикига мукъна а дош ца кховдош, и амалш кегошберш шаьш божарий бу, цундела куьгбехке лоруш а х1окхара зударий бу. Кхузахь еккъа ц1ена божарийн монологаш а ю. Амма коьрта сюжетан сиз ду, зударех Йагин накъосташа дуьйцург, х1ара хьовзош-тусуш, шен Босбикина чу а хохкуш, шайн жимма самукъадаккха лерина х1оттош кеп. Йага-м кхета мегар дара, шен накъосташа, шаьш бакъ хиларан тоьшаллина, далош дерш халкъан забаре дийцарш хилча, уьш бегаш буй. Амма и ца тешаран авторо хьалха х1оттийна 1алашо а вайна дийцаран чаккхенехь гучудер ду. Цкъачунна-м Хьаппис, Йага зударийн саьхьарлонах тешийта, дуьйцучу инзаре хаза беламе дийцарех 1ехавелла. Хьаппин дийцарехь зудчо-м ша саьрмик болу ор чу кхоьссича а, и т1е а ***й хоьхку. «Саьрмикна х1ун ю зуда, цкъа кхаллал х1ума бен яц!» – ойла дага ца йог1у Йагина, иза-м х1инцале а Босбикех цатешаман бух кхуллуш ву ойланашкахь.
– Уьш-м туьйранаш дара! – боху Йагас, амма оцу туьйранах иза теша кийчча ву. Оцу шен тешам т1ехь иза ч1аг1веш, Хьаппис дийцинарг бакъдеш, Шовхала а дуьйцу халкъан дийцар шена хезча-м ца олу Йагас «уьш туьйранаш дара!» Цо хазахетарца, т1араш тухуш, т1еоьцу иза. Х1инца иза дика тешна вог1уш ву шен Босбика а царех цхьаъ хиларх. Йага ч1аг1о йолуш тешийта, Хьаппис кхин а т1етуху, зударша, йо1 ненан ирс лоруш, к1ентий ца бо, олуш дицарца.