Вахит Хаджимурадов – Хьалимин Йага – Шимин Чора. Нохчийн а, оьрсийн а маттахь аналитикан, публицистикан белхаш (аналитико-публицистические статьи на русском и чеченском языках) (страница 4)
Шен статья чекхйолуш Шерипас т1е тидам бог1ийту х1окху ойлана: «Амма 1996—1999 шерашкахь (нохчийн йозуш йоцуш пачхьалкх йолуш) а нохчийн маршо хьаьшна яра. Чоьхьара маршо йоцуш, сица маьрша боцуш болчу нахана шайна арахьара маршо яьлча. И маршо лан ца ло, цунах дезар эца ца хаьа. Лайн амалашка бирзина нах бу уьш, уьш цкъа а маьрша бовлуш бац…». Алан деза, нохчий пачхьалкхан дозана юкъа бахначул т1ехьа, дикка хан д1аяьлла, т1аьхьенна т1аьхьенаш а хьалакхиина пачхьалкхан «кийрахь». Амма и пачхьалкх даима а «десте» хилла лаьттина нохчашна. Уьш пачхьалкхан дай хила 1амон дагахь цкъа а ца хилла пачхьалкхан бакъболу дай. Мелхо а уьш х1аллакбеш, т1ехьатуьттуш, церан культура «ен» г1ерташ белхаш бина пачхьалкхо даима а. Нохчий шайн дайн адамийн юкъаметтигех а баьхна хилла, ткъа пачхьалкхана юкъабигича а уьш цу юккъехь 1ен-баха 1амош а ца хилла. 1996 шарахь яккхий къизалаш а ловш, механа доккха ц1ий а луш уьш цхьана пачхьалкхах к1елхьара а бевлла кхин и санна йолу пачхьалкх ян г1оьртича х1ун хийцало. Х1Х б1ешарахь, нагахь санна Шемалан теократически пачхьалкх т1амехь тоьллехь а, нохчаша и сихонца йохор яра. Шайн юкъаметтиг лелон а хуур дара царнна, шаьш бехар а бара цхьа а пачхьалкх а ца еш. Амма х1инцалера нохчий хийцабелла, мел ч1ог1а вай дайн г1иллакхаш лелон г1ертахь а, уьш хийцалуш д1аг1ур ду. Шерипас шен статья т1ехь юьйцуш йолу юьхьшен маршо а нохчочун хийца езар ю пачхьалкхан муьт1ахь йолчу маршонца, пачхьалкхо шена луш йоллучу маршонца.
Таханлерчу дийнахь вайн къомана хьалха лаьтташ болу хиламаша гойту вайна хийцамаш мел ч1ог1а хилла, вайн тахана Россин дозанахь елахь а, нохчийн пачхьалкх ю. Вай тахана бен ца дуьйладелла оцу пачхьалкхан маршонех кхета а, пачхьалкхехь дуьззина цуьнан дай а хилла даха а. Х1Х б1ешарашкахь нохчийн хилла адамийн юкъаметтигаш г1оле-м хир яра нохчашна, амма вайн таханлера бакъдерг и пачхьалкх ю, пачхьалкхехь даха 1емаш ду вай.
Минкаилов Эльбрусан «Гуорабожийна сай» ц1е йолчу дийцарах дош.
Аналитическая статья по рассказу известного чеченского писателя и публициста, главного редактора республиканского литературного журнала «Орга» Минкаилова Эльбруса «Упавший на колени олень».
«…Со лаамза хилла теш ма вара цуьнан дахаран…» ишттачу дешнашца чекхйоккху Минкаилов Эльбруса дахаран талламан-тидаман цхьа жимма йолу кийсаг, шен дийцар «Гурабожийна сай», «Вайнах» литжурналан 2010 шарахь, №6 т1ехь арадаьлла долу. Амма и дахаран кийсаг ма-хуьллу хабийна, йоцца язъйина ю авторан дийцаран аг1онашна т1ехь, Минкаилов Эльбрус даима а г1урту шен кхолларалехь дош ма-торру доца ала. Х1ара «Гуорабожийна сай» ц1е йолу дийцар а ду хьаьдда доьдучу дахарана юкъара дош хоржуш ка тоьхна схьадаьккхина яздича санна. Эльбруса кест-кестта ша олуш ма-хиллара: «дийцар мелла а юккъе совнах долу басарш ца ийдеш дош доцца олуш яздан деза, делахь а оцу доца яздаро легашка хорам бина садукъдан а ца деза кхуллучу произведенин…» Дийцар ша кхуллучу заманчохь цу т1ехь аьлла дош доца делахь а, 1аламат боккха а, «адаме муха ланлур бу техьа иштта халниг» аьлла хоьтийтуш хала а адамийн дахарехь хилан тарлуш болу (х1унда ца мега ишттачу дахаран некъ, хилам хилла хила а) цхьа некъ бу автора теллинарг. Вайна гайтархьама бийцина бац и некъ, ша теш а волуш, шен дийцаран коьрта турпалхочуьнца шен синлазам а буцуш, цуьнан халонах ша дакъа а лоцуш, и хало шен дагах чекх а йокхуш, дог а лозуш дийцаран аг1онашкахула чекхволу автор, шен турпалхошна улло а х1уттий. Дийцаран коьрта турпалхой Шемал а, Саида а бу, ткъа Шемалца ишколехь дуьйна цхьана дешна, цхьана юьртара а волуш, вевзаш ву произведенин т1ехь Эмин. Эминан ц1арах ду дийцар д1ахьош, амма дийцаран турпалхочун мотт хьоьхург а хилла ца вуьсу Эльбрус оцу произведенин аг1онашна т1ехь. Эминас дуьйцуш долу, дагна лан а, лергана хаза а хала долу дийцар, автор гуш вацахь а, шен пох1мин к1оргаллийца ша уллохь хилар гайтаро синлазам алсамбоккхуш ду. Эминин дийцар-м дац кхин басарш совдаьлла, ур-аттал шен накъостийн юьхь-сибаташна т1е тидам бахийтина а. Амма говзачу суртдиллархочо санна ши-кхо басархьакхаран кепехь кхоссар а дой автора кхоччушдолу сурт-м дуьллу шен турпалхойн. Масала, Шемалан дешнаша «…Хьажахь, хьажахь хьуьлла йог1учуьнга! Цхьа сай бу-кха, сай!…» ца дуьйцу мел куц-кеп долуш хаза йо1 ю Саида. Коьрта тидам т1ебохуьйтург духар а дац, амма вайн б1аьргашна хьалха хазчу куьцехь дуьззина сурт-м х1утту оцу йоь1ан. Йоь1ан духарх лаьцна доцца аьлла долу «…б1аьстенан басаршца йог1у къорза коч…» а ца хетало оцу кучан сурт кхолларан дуьхьа аьлла, амма – б1аьстенан хазалла гайта, б1аьстенан зама гайта аьлла хетало. Т1къа коьртаниг йоь1ан куьцехь дерг: «…суна хета а хийтира и сайнах тера, цхьана курачу сайнах, парг1ато евзаш а, и лоруш а болчу…» Мел дукха басаршца къагош дийцича а алалур дацара иштта к1оргера чулацам болуш оцу йо1ах дош. «Парг1ато еза сай» йоь1ан, къоначу адаман дахаран юьхь, мел сирла дахар хьоьху дешархочун синкхетамехь ишттачу турпалхочун васто. Б1аьсте, къоналла, «парг1ато еза сай» – мел лекхарчу, сирлачу т1ег1анашкара хаза д1адолало дахар. Х1аъ, дахар даима а долало хаза, сирла – серлонна, хазаллийна кхоьллина а ду дахар! Адаман ойланаш, догдаг1арш а хуьлу даима а хазаллехьа г1ерташ, амма адаман ницкъаш а, комаьршаллаш а цхьатерра ца хуьлу. Адам дукха чолхе кхоьллина ду, дукха комаьршаллонаш цуьнца елахь а, цхьадолу адам дахаран 1аьржачу аг1онашкахь тиллой дуьсу, хьуьнаюккъехь тилделларг санна, адам ша хьуьнюккъара арадолу моьттуш кхин а к1орге чутуьлу. Мел чолхе ду дахар, ткъа и дахар довза, оцу дахарах лаьцна дош ала мел чолхе хьекъал оьшу. Эрна олуш дац: «дийцар – уггаре а халачу литературни жанрех цхьаъ ду». Йоккхачу романан т1ехь-м дийнна адамийн дахарах лаьцна яздан шортта таронаш ю, ткъа доццачу дийцаран аг1онашкахь чолхечех цхьаъ адаман дахар гайта ондда пох1ма долуш стаг хила веза. Эльбрусан аьтто баьлла, бу бохуш болчу вайн яздархойн дийцаршна т1ера масала далийча а, цаьрца дуьстича а, шен дийцарехь к1орггера турпалхойн васташ кхолла а, дахаран юккъера цхьаъ чолхе кхоллам гайта а.
Дийцаран юьхьанца дуьйна автора вай цхьана кхераман а, хиндолучун а йийсарехь латтош санна хета, къаьсттина дийцаран юьххьехь вайна Саида евзинчул т1аьхьа. Х1унда ду вай авторан «йийсарехь»? Х1унда аьлча, шен дийцаран ц1е а говза тиллина автора: «Гуорабожийна сай», дикка тидам бича, гуорабоьжна а бац сай – «гуорабожийна». Хьа? Сте? Дахаро? Мостаг1чо? Мел дукха хаттарш кхуллуьйту оцу дийцаран ц1аро а! Интрига ц1еран т1ера д1айолалуш ю дийцарехь. Хетало дийцарехь вайна хьалха х1уьттун долу суьрташ 1аламат тамашена, я инзаре хир ду, амма автора вайна гойту сурт дахарехь хила тарлуш а, хуьлуш долчех мог1арера хиламийн сурт ду. Делахь а Эльбрусан дийцаран турпалхой а бу, массо а адам санна ша тайпа шайн амалаш йолуш, оцу амалийн бесарийн башхаллашца мехалла а бу уьш дешархошна. Соьга хаьттича, коьрта турпалхоша санна шен дуьненан кхоллам лохуш, дуьненчохь санна дийцаран аг1онашна т1ехь шен меттиг д1алоцуш ву ша автор а. Аса лакхахь ма-аллара, автор ву наггахь 1индаг1 санна дийцаран аг1онашна т1ехь хаалуш а, наггахь коьртачу турпалхочун Эминан вастаца, амалца д1ауьйш а схьавог1уш. Делахь а билгала дериг ду, автор Эминан вастах шавериг а д1аийна ца хилар. Дийцаран мог1аршлахь шена лерина меттиг хилийта дуй а ца хаьа, автора Эминан васт мелла а эшош кхоллар. Сурт доккхуш санна, геннара шен турпалхой Саидий, Шемаллий гайта безначу киртигехь, меттехь шена хьалха тотту автора Эмин, цо шена автора т1едиллина и декхар кхиамца кхочуш а до. Амма синлозамо, къинхетамо дог 1овжочу меттехь Эминан уллохь делахь а, цуьнца ийна делахь а, г1улч хьалха хилла а цунна хьалха хуьлий а автора шен дог 1овжадо шена дукха безаш болчу турпалхойн къинна шен дог лозадо. Билгал долуш ду Эминан безамаш, къинхетамаш цхьана Саидийца бен доьзна доцург, амма авторан синлазам хьаьрча Саидех санна Шемалан декъазчу дахаран хиламех а. Кхин цхьаъ а ду, Эмин Шемалца жима волуш дуьйна цхьана хьалакхиъна велахь а, юьртахо велахь а, кхин доттаг1алла цаьршимма лелош дацахь а, цо Саида ялорна цунна къинт1ера ца волу Эмин дахаран дохаллехь. Цуьнан бахьна а вайна дика гуш ду, Эмин ша а ву Саиде болу къайлаха безам шен дагчохь къуьйлуш, дешархойх цо и мел лечкъорах а гуш ду иза а «…б1аьрзе ца хилар…» къона Саида ца гуш, аьлча а, къайла-къулаха ца езаш и ца хилар а. Т1аьхьа дахаран халонийн хиламаша а, ша шен бен ца гуш, ша бен дуьненахь кхин х1ума ца дезаш хиларна а оьшуш, дахарна к1елавуьсуш схьавог1уш велахь а, къаьсттина къона волчу хенахь Шемал Эминал онда ву амалашца. Цунна тешалла ду, масала, Шемалас мало а ца еш «йо1 йовза шена некъ а лохий» шена хазахетта йолу йо1 Саида ялайо. Саидина а, Шемална а, ур-аттала ша-шена а гучубаккха ца ваьхьа Эмин шен йо1е болу къайлаха безам. Дийцаран дешархошна а схьакъийдабо цо и Саидех лозуш долу са санна, къинхетам санна. Оцу масалана т1ехь а гойту Эминас шен ледара, мела аг1о.
Коьртачу турпалхойн вовшашна юккъехь йолчу уьйрашна т1ехь хилла ца 1аш кхин цхьа аг1о а ю Эминас шен ледара гойтуш. Ала деза, Минкаилов Эльбрусас Эминан вастаца гойтуш ериг нохчийн интеллигенции хилар а, х1инцалерачу заманахь оцу интеллигенцино шегара ялийтина ледарлонаш гойтуш хилар а. Вайна дика дагадог1у, иттех шо хьалха вайн къомана т1ех1иттина хилла къиза хиламаш. Интелигенцино оцу хиламашкахь шегара гайтина хьуьнарш а, нийса хир ду, ца гайтина хьуьнарш аьлча. Суна хетарехь, Минкаилов Эльбрусан дийцаран т1ехь коьрта меттиг д1алоцурш а, коьрта ерш а нохчийн къомана т1ех1иттина халонаш, къизалонаш а ю. Дийцар литературан жанр жимачех ларалуш делахь а, авторан дика аьтто баьллачех коьртаниг а ду, йоцачу литературан произведенехь къоман а, пачхьалкхана а ницкъа хуьлуш, дерриг дуьненан а бала кхочуш хилла болу баккхийн хиламаш гайтар. Ткъа шина-кхаа турпалхойн васташ бен ца гойтуш, ца кхуллуш ишттачу барамехь литературни а, дахаран а к1оргалла гайта яздархочунна к1езига девзаш хилан ца деза дахар а, цуьнан алсама хилан деза пох1малла а.