18+
реклама
18+
Бургер менюБургер меню

Зарина Шаухалова – Вдохновение. Русско-Чеченский сборник (страница 5)

18

Къарцалуш хьо сацо ас ч1аг1о йина.

***

Шеш хестош аьлла дош иэхь-бехк лоруш

Йоьхь-1аьржа а хуьттуш шайн кортош охкийнарш

Бисний-те къонахий сан къомах хилларш?

Мичахь тилладелла те дайх дисна г1иллакхаш?

***

Ирсе йу-кха дахарехь, Хьо вевзинарг,

Нуьречу б1аьргаш чохь шиэн сурт гинарг.

Дуьненчохь мел йахарх хир йац и цкъа а,

Шегарчул йоккхачу йалсамани Да.

***

Серлоне кхийдаш сан Дай цалаьлла,

Уьш лелла шайн синойн серло ларйеш.

1аьржачу меттехь ч1урамо санна,

И серло шайх гойтуш баьхна бу уьш.

Лелла уьш, шайн Дегнийн не1арш йиллина,

Цакхуош адмашна кхийдош серло.

Вохвина хийла, шелвелларг цара,

Цакхоьруш кхачорна Деган йовхо.

Боданехь дисина и г1ийла синош,

Серлоне кхойкхуш уьш тоьшалла деш.

Лелла бу Нохчийчохь и авлияаш,

Вайн Делан новкъа, адам нисдеш.

***

Хийла йахь йолу к1ант

Ахь кийра хуьйдина,

Массане осал верг

Хьайн букът1ехь лайна.

Ма дисса латта хьо

Къонахийн доь дайна,

Сий иэхь шайн доьхкинарш

Хьо хьиэша биссина!

***

Дала елла суна,

Меттан говзалла,

Бакъдериг дийцийта,

Харцо иэшайан.

Аллах1 реза вар бен,

Кхин 1алашо йац.

Пусар аш цадарах

Со шек йолуш йац.

Сайна хуург дуьйцуш,

Кхето г1ерта со.

Амма кхета луург,

К1еззиг суна го.

Кхета луучунна,

Таро йелла цуо.

Тоьшаллина шуна,

Луш совг1атна со.

Далил гайта бохуш,

Аш ма хьийзайе

Кхета лууш волчо,

Дагца ойлайе.

1амал ц1ена йелахь,

Хаам цуо лур бу.

Са маьрша а далахь,

Новкъа воккхур ву.

Аллах1 воцург вайна,

Кхетам бала вац.

И доцуриг жайна,

Дагчохь хуьлуш дац.

Нагахь цунна т1екхача,

Кийча дацахь Дог.

Ахьа Устаз лаца,