реклама
Бургер менюБургер меню

Вахит Хаджимурадов – Чонга иччархо. Туьйранаш (страница 3)

18

Деха де ца лоруш, ца лоруш буьйса.

Са хьайна дезахь ткъа, сиха баккха го!

1ад уозош, кхоьссина пха санна, маса

Бумбари хьаьдира стиглане ирх.

Теллира дуьненчохь адмаш 1ен аса,

Къизаллин аьтто беш, тесира зирх.

Бохь лекхачу цу лаьмнийн теллира ирхеш,

Йист йоцу аренаш юьстира цо!

Де-буьйса ва доцуш, ша-шен а сихъеш,

Баьккхира бумбарийс дуьненна го.

Сийначу цу стиглахь, мархашца къуьйсуш,

Бумбари йог1ура текхаргана т1е.

Къорзачунна кестта цо, сихоеш, дуьйцур,

Стенгахь ю цу адамийн кхерчахь и ц1е.

Эххар а ямартачу бумбарех кхийти

Т1ам 1аьржа ч1ег1ардиг, стигланаш зуьйш.

Ч1ег1ардиго шен некъ а ловзарца хийци,

Бумбарина уллохьа мархашца уьйш:

– Бумбари! Бумбари! Хьо стенга йоьду,

Ц1е яьлча ва санна, лестабеш т1ам?

Хьо стенга сихъелла, дийцахьа соьга, —

Хаьттира чег1ардигс, беш кхунна там.

Бумбарис цу хенахь буьйцура шерра,

Ямартло йоцуш болу шен ненан мотт.

Г1иллакхехь ч1ег1ардиго хаттарах терра,

Бумбарис делира хаттарна жоп:

– Бос къорза текхарг ю адмашна дера,

Д1овшаца х1аллакбан кийча ю уьш.

Ер-яккхар ва дуьйцуш кхерийна, ц1ера

Яьккхина къорзачо со а ю-кха гуш.

Конец ознакомительного фрагмента.

Текст предоставлен ООО «Литрес».

Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.

Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.