реклама
Бургер менюБургер меню

Вахит Хаджимурадов – Чонга иччархо. Туьйранаш (страница 2)

18

Чонгин къена дада вара, сарралц шен к1ант ца карийча, сагатделла араваьлла. Амма иччархой а, таллархой а ц1а бирзинера. Жима Чонга дацара цхьанхьа а гуш. Эххар а, туьйлиган кевнаш д1акъовла герга долчу хенахь гучуделира Чонга а. Инзаре боккха к1ан буьртиг бара цо беънарг, массо а зингаташ цецдохуш. Цуьнан къена дада довдан дагахь хиллера, ткъа цунна хари чохь карийначу к1ах дериг хиъча, кхечу иччархоша иза хестош а хезича, шен к1антах дозалла деш, жимма «г1ам-г1им» а дина, сецира дада. Цу дийнахь дуьйна Чонгех бакъдолу иччархо-зингат хилира.

2005г.

Нохчийн къомана дийцар. Бумбарин мотт.

– Доккхачу дуьненахь текхаргийн тоба

Уггаре коьртинаг хила езаш ю!

Коьртаниг и малх бац! Коьртаниг – бода!

Дуьненчохь ас адмийн х1у дойъур ду!

Адмашна х1оранна, це (церг) тухуш чехка,

Д1овш тухуш адмашна чекх ер ю со!

Со – паччахь! Со буьрса ц1оган т1ехь техка!

Ларлолаш, диэгадеш, адмийн х1у сох! —

Иштта и кура хабарш, къамелаш дора

Бос къорзачу лаьхьано, кхерабеш нах.

Шен д1аьвшан ондда ницкъ лаьхьанна-м гуора,

Адмашка кхаьчнера т1аьххьара сахьт.

Шахьарш а йохаеш, йохаеш ярташ,

Текхаргаш юьйлира д1адетта д1овш!

Адмашна юккъера д1аяйра марзо,

Цу адмийн х1у дара д1адаьлла довш.

– Маржа я1! Сан делара и шуьйра т1емаш,

Сихонца карор бара цу адмийн бен.

Ас, текхаш, хан йойъу, ас бо-кха хьемаш,

Ца кхуьу, сихо еш, даржадан зиэ!

Со текхна балале, сеттина ца болуш,

Шина когахь и адмаш сихонца дов.

Хьажий со цу гена, дитта т1е йоулуш, —

Бос къорза и текхарг луьйш яра, тов!

Хьаьвзина елира и буьрса текхарг

Доккхачу талла т1е, д1алоцуш бохь.

Хьажийра гуонаха горга б1аьрг диэхьа,

Хьажийра сехьа а ира б1аьрг цо!

Гуонаха мел ч1ог1а къерзорах б1аьргаш,

Кхорзачунна ца гора и адмийн х1у.

Гуонаха техкара и лекха хьаннаш,

Даръелла йоьссира и текхарг чу.

Оцу хенахь диттан бух ша охкуш яра,

Мотт шера бумбари, йиша лоькхуш шен.

Ницкъале ши т1ам а айбина бара,

Х1аваэ йолуш шен цабархьама хьем.

Цунна-ма ца хаьара шена т1ехула кхозуш

Дуьненна даръелла и текхарг юй.

Горга б1аьрг ц1аьххьана сецира, хьожуш,

Багара шина матта туьйхира суй:

– Б1арзъелла со лелаш, ахьа эшарш лоькху,

Ахь со ца лору-те, ца до-те сий?

Сан мерк1ела х1оьттина ахь ц1ог1а хьоькху,

Дуьненна т1ейиллина со-м паччахь яй!

Бумбарин сецира и зевне эшар,

Сецира сихонца и шера мотт.

Ша кхалла кечъелла и текхарг гича,

Иэгаеш, бумбарин деттало дог.

Къорзаниг реза ю, ша лоруш гина,

Шех кхоьруш массо а текхаргана го.

Оцу жимчу шен коьртаца ойла а йина,

Лаьхьанин паччахьо омра ма до:

– Ладог1ал ахь соьга, лергаш дай сема,

Ладог1ал ахь соьга, ва 1аьржа лай!

Адмашца ас бечу цу луьрчу т1еман

Г1о лоцуш, болх бе ахь т1емашца хьайн!

Т1ам чехка бумбари, хьо г1олахь сиха,

Шахьаршкахь лахалахь, толлуш и лам!

Лаьмнашкахь, аренгахь хьажалахь дика,

Дуьненчохь стенгахь ду и адмийн къам!

Бийцалахь некъ суна цу адмийн уьйт1а,

Ас т1аккха кхоллур яц, юур яц хьо!