Вахит Хаджимурадов – Забаре дийцарш миниатюраш. Дийцарийн гулар (страница 4)
Мохь хезна, ведда т1евеъначу воккхахволчу вашас Халидас, чукхозуш волу жима воша хьалакхевдина схьалоцуш, аьлла Сайхане:
– Д1ахеца баллан га! Ас схьалаьцна хьо!
– Ма хецийта-а-а! – бохуш воьлхуш хилла Сайхан.
– Х1унда?! – цецваьлла хаьттина Халидас.
– Ас д1ахецахь, дитт охьадужуш ду! – жоп делла дериг дуьне бертал даьлла моьттуш кхеравеллачу жимчу к1анта.
Сайхан а, лулахойн котам а.
Шен дай санна даима а меца цхьа котам яра тхан уьйт1а эхан марзъелла. Пхи шо кхаьчначу вешин к1анте олура аса:
– Д1аэккхае и котам, хьо х1ун деш лаьтта?
Амма котам-м къар ца ялучух тера дара цуьнга. Т1аккха и яхье ваккхан дагахь аса элира:
– Сайхан, и лулахойн котам вайн уьйт1ахь шен ден ц1ахь санна лелар яцар хьуна, хьо стаг велахьара!
– Ваша, сан цуьнан санна ира з1ок ма яц! – бехказа велира хьекъален жима к1ант.
Доьналла долуш волу завхоз Казбек а, дешархо Товсари а.
Урок йара йолалуш, учитал Фатима кечлуш йара шен эшарийн урокана нотийн хьаьркаш д1аязъян.
– Мел стенгахь бу? Сиха г1о мел бан! – дехар дира учаталас.
Товсари бохуш йолу йо1, ша и мох санна сиха араиккхира мел бан. Завхоз волчу Казбекана т1е кхечира йо1. Йедда йеъна, са а кхачийна, ц1ог1 туьйхира Товсарис:
– Мел буй?
– Мел беза хьуна?
– Мел беза суна!
– Собар дехьа! Мел беза хьуна?
– Собар до аса-м! Мел беза!
– И ма дийцахьа! Мел беза хьуна?
– Мел беза!
– Мел беза хьуна! – бохий аса-м, собар кхачалуш дара завхозан.
– Мел беза! – боху аса а, т1ечехан йуьйлира Товсари а.
Х1ара шиъ къийсалуш доллуш, учитал Фатима а схьакхечира орцаха.
– Ванах и мел балан мегаш бац оцу берана?
Х1инца-м Казбекана а, шен доьналла долуш хилла болу дай а дагабаьхкира!
– Ой! Аса бохучуьнга ладуг1уш ма йац йа х1ара йо1 а, йа хьо а, ва Фатима! Мел беза схьаолуш ма дац шу и мел!
*******************************************
МИНИАТЮРАШ Забарен доца дийцарш
Сан доттаг1 Эдин Муса редакцехь.
Сайн доттаг1 Муса болх беш волчу редакци кет1а нисвелча, телпо тоьхнера аса, и балхахь вуй хьажа.
– Х1ун деш лаьтта хьо кет1ахь, утарма а хилла! Чу вола, – бохура доттаг1чо.
– И со а, хьо а эккхарх хира доцург а ца дуьйцуш 1ад 1ехьа, – дийхира аса Мусага.
– Ой! И бохург х1ун ду, цхьа берзалой йац вай! Вайга ца далург и ма доккха х1ума хилан деза! – цецвелира Муса.
– Дера ду и, со санна стомма утарма вайшинна карора йац бохург, – кхетийра аса доттаг1.
24.11.22
Зудчунна х1уш эцар.
Воккха стаг балхара чу моссаза вог1у, дуьхьала йолура зуда, б1аьргаш а къарзабой:
– 90 сом доьхуш долу, х1уш ийцарий ахьа суна? – олуш.
Х1ора дийнахь зудчунна х1уш эца ахча а ца хуьлура, амма воккхачу стага, шена балхахь делкъана х1ума ца йууш а, зудчуна х1уш оьцура, цуьнга б1аьргаш ца къерзабайта.
Тахана-м алапа схьаделла самукъадаьлла вара воккха стаг. Х1уш-м х1ета а эцан дезара тахана, делкъана шена вуззалца х1ума йаъан а аьтто белира воккхачу стеган.
90 сом доьхуш долу х1уш чохь долу къоза пакет а йохьуш чоьхьа велира воккха стаг:
– Хьажал, сан хаза-диканиг, аса хьайна деъна х1уш, тахана алапа схьаделлера суна!
– Ой, и бохург х1ун ду! Алапа схьаделча, х1уш а дохьуш веъна хьо! Наха шоколад ма оьцу шайн зударшна, алапа схьаделча! – б1аьргаш къарзадира зудчо.
04.02.23шо.
1арби – фельдшер-акушер!
Воккха лор волчу ца воьдуш а, 1арби фельдшер бен вацахь а, цомгуш болу нах цунна т1е эха марзбеллера. Моз даочух тера дара цо, йа цомгушчарна хаза дуьйцучух. Делахь а цхьа дарба лелон 1емина хилан а мегара. Масана ду уьш, шайт1ана некъаш.
Цхьана хазчу суьйрана 1арби чу кхайкхинера шен накъоста. Дикка, молуш долчу къаркъано, коьртах тоьхначу хенахь, 1арбийн телпо г1ийла йийкира «ва-а-а!» олуш. Ца ваьлла схьаийцира 1арбес телпо:
– Ладуг1уш ву, схьадийцал, айхьа схьатоьхнехь! – аьлла.
– Х1ун боху цо? Х1усамнана-м йац, орца доккхуш? – хаьттира накъосташа.
– Тамашена нах бу-кх х1орш! Приеме веъча, саг1ена дала киснахь итт туьма а доцуш волу пациент ву-кх телпо йетташ, бале ваьлла! – реза вацара лор 1арби!
15.12.22 шо.
Дала бина къинхетам.
Дала дукха йахайойла и, зоьртала а, боьрша стаг санна дика онда а, йолуш зуда хилла цхьана йуьртахь. Маре ца йуьгуш цхьаммо а, дикка хан йаьлча, цхьа Делан къинхетам хьалха а баьлла, маре йахана хилла и зуда.
– Делахь, хьажахьа, кхоъ к1ант а вина, дика йаха хиъна и зуда, – бохуш дуьйцуш хилла шайна йуккъехь зударшлахь зударша.
– Дера вина-кх кхоъ к1ант-м… йо1-м цунна йан хуур а дацара, – бохуш йоьлура цхьа зуда.
27.12.22 шо.
Кор схьа х1унда диллина!
– И кор схьа а диллина, моза чу х1унда баийтина ахьа! Шайолчу йуучунна т1е хуьйшура ма бу и! – шен майра ву бохучунна чуг1оьртира зуда йу бохург.
– Ой! Сан хаза-диканиг, и кор ахьа ма диллира цхьа минот хьалха! – бехкала вахана элира Воккхачу стага.
– И кор ца дуьйцу аса! Моза чу х1унда баийтина ахьа боху аса! – т1ечевхира зуда.
02.01.23 шо.
Хьан йазъйина роман «Евгений Онегин?
Пенаш хьохуш, кира тухуш, басарш хьоькхуш белхаш деш цхьа зударийн тоба йара. Ца хууш болх бацара оцу зударшна, цундела церан къелла йацара болх карабарца: – «шайний, шайний болх бан даг1ахьара шу!» – бохуш къуьйсуш бара уьш. Амма ишколехь дуьйна дешаран кхиамаш кхин басаршца къегина бацара церан.