Вахит Хаджимурадов – Хьайбах. Драма (страница 2)
ТАЙМАСХА. Вай салташна йахьийта кечьеш яц вай х1ара йовха т1ерг1ан пазаташ? Йовха кетарш, вертанаш, куйнаш, кхин а дукха х1ума гулдина нохчийн зударша салташна т1аьхьа дахьийта. Оцу х1умнаша-м уьш бохбина а ца 1аш, царнна ницкъа ло т1ом бан а, мостаг1 эшон а. Иштта ц1ера х1уманаш шайна т1аьхьакхаьчча, уьш-м дукха дика кхета шаьш ларош дериг шайн нанойн, йижарийн, шайн мехкан сий дуй!
МАЛИКА. Дера йо1 хьо бакъ-м луьйш ю! Суна Йуьрта Советан хьалха кхозуш йолчу радио чухула хезира вайн нохчийн зударша дукха х1ума гулдо т1емлошна т1ехьадахьийта. Дукха ахчанаш а гулдина, шайн лергах ухкурш, п1елгахюхку ч1агарш, коча ухку дашон з1енаш д1алуш герз дечу заводашна дукха х1ума гулдина боху нохчийн зударша.
Дала вохавойла и Гитлер а, цуьнан 1аьржа б1о а! Дала сий дойла Сталинан а цуьнан накъостийн а! Сталин ца хиллехьара-м йиш хила а ца хиллера!
ДЕЦА БУСАНИ. Дера вайн массо а къаьмнашна да а хилла д1ах1оьттина ма ву и! Дала г1о дойла цунна а, цуьнан накъостий а хилла лаьттачу нехан а, къаьстина Берийн а.
ТАЙМАСХА. Лаврентий Берий а, ша Сталин а вайна уллора ма ву, вайца ц1ий уллора долуш ма бу гуьржий а. Т1амт1ехь соьга олура накъосташа медйижарша, со Кавказера йуй шайна хиъча: «Ма ирс долуш ю хьо, Сталин а, Берий а гергара нах буй хьан! Царна т1ехь лаьтташ ма бу вайн толам!». Вайн нохчийн а, г1алг1айн а к1ентий а бу берзлой санна фашистех леташ! Цхьа Ханпаша Нурадилов тоьура ву, кхин х1умма а ца хилчи а! Эзара фашист х1аллаквина цо цхьаммо шен пулеметаца!
ДИКНИ. Кестта, жимма со воккха хилчи, со а г1ура ву оцу фашисташца т1ом бан! Со воккха хиллалца чекх ма балахьара и т1ом! Ханпаша-м солла а кхин дукха воккха а ца хилла! Тами (Таймасха), ма ирс долуш йу-кх хьо! Кестта йуха т1амт1е г1ура йу-й хьо! Со а вуьгура вуй ахьа хьайца?
ТАЙМАСХА. Вуьгура ву… жимма воккха хила веза цкъа хьалха. Ахьа х1ума к1езига йуъу, ахьарах дина худар даъан деза! (Йелало).
МАЛИКА. Дикни, вало арара жимма пеша таса дечиг да вайна. Буьйса шийла хилан тарлуш ду вайна.
ДИКНИ. Мегар ду, нана, аса сиха дохьу и. (кетарах хьаьрчий араэккха)
МАЛИКА. (Таймасхе) Ванах, и немцой кхин эшабина йуха бог1ура бац техьа? Х1ара к1ант а, кога вахана а валале, т1амат1е вахан воллуш ву. (б1аьргах йовлакхан т1ам хьокху). Турпала а т1амт1ехь волу масех шо ду, кехат ца доийту дикка хан йу.
ТАЙМАСХА. Самагаттадехьа, нана! Вайн Турпал майра к1ант ву, цо и немцой бевдича а к1елхьара бовлийтура бац-кх!
ДЕЦА БУСАНИ. Турпал майра к1ант ву! Оцу вайн кертара старг1а и ц1ахь волуш, чу хьаьддера цунна. Цо и ши ма1а а лаьцна, корта хьовззийна лаьтта охьайиллира-кх и!
МАЛИКА. Бусани, хьуна хезний цхьа х1ума? Вайн лаьмнашка кеманаш т1ера фашистийн салтий кхийсина бохуш?
ДЕЦА БУСАНИ. Ой, и хилла дукха хан ма ю, немцой Малхбекана уллохь лаьтташ бара оцу хенахь. «Дисант» олу оцу салташаха. Цхьа 50 салти кхоьссина хиллера паршоташна т1ехь вайн лаьмнашка. Х1инца кхерам бац, немцой Кавказера арабаьхна а ца 1аш, уьш вайн пачхьалкхана дозанех а кестта арабохура бу бохуш хизина суна.
МАЛИКА. Ткъа «дисантах» х1ун хилира? Х1инца а цигахь-м бац техьа уьш?
ТАЙМАСХА. (Йелалуш) «Десант» а, «диверсанташ» а олу царах. Бац дера немцой вайн лаьмнашкахь. Губи 1усман бохуш цхьа суьйлийн пекъар-полковник хилла уьш балош веъна, нохчаша шаьш, деза хьеший а дина т1еоьцура ду моьттуш! Цхьацца долу къаьмнийн дукха векалша т1еэцна уьш, хьеший бина а… Шаьш нохчийн лаьмнашка баьхкина а дохко бевллера уьш! Бенойн кегийрхоша ша-ша лаца а г1ерташ лергъяхарш санна схьа а лийцина Советан 1едалан кара д1абелира уьш. Ткъа церан парашютан к1адийнех шайна цхьа безамехьа к1айн дарийн кучамаш йайтира. Ч1ог1а а, дика а, дарийн к1адех йина хиллера боху и немцойн парашюташ.
Конец ознакомительного фрагмента.
Текст предоставлен ООО «Литрес».
Прочитайте эту книгу целиком, купив полную легальную версию на Литрес.
Безопасно оплатить книгу можно банковской картой Visa, MasterCard, Maestro, со счета мобильного телефона, с платежного терминала, в салоне МТС или Связной, через PayPal, WebMoney, Яндекс.Деньги, QIWI Кошелек, бонусными картами или другим удобным Вам способом.