Вахит Хаджимурадов – Болатан Зараъ. Повесть (страница 3)
Уьйт1ахь Сирдин терсаш хийтира воккхачу стагана. Йоь1ан коьртах куьйг а хьокхуш, сихавелира и шен къамел чекхдаккхан:
– Зараъ, сан йо1, со могуш волуш хьан дахаран ойла ян езаш хиллера ас! Со д1аваьлча, хьан бийр бу хьан амал. Ц1аьххьана, хабар дуьйцуш волуш, цамгаро хьовзийра воккха стаг. Дикка 1ийра и дош ца алалуш, жимма чу садеъча сихвелира и къамел чекхдаккхан. – Виситица цхьана х1усама кхолла еза ахьа. Цуьнга кхочуш суна вевзаш к1ант вац… Маржа я1… ма г1алат дели сох! Зараъ, хезаш юй хьо? Хьо хьадий г1о, аса кхойкху ала Виситига!
– Дада, Дада! – йо1 лаьттара, ша х1ун дийр ду ца хууш.
– Сан йо1! Ладог1а соьга! Ма яйъа эрна хан… сихха кхайкха Виситига! – т1аьххьарачу ницкъаца мохь элира Болатас.
– Со х1инцца… со сихха.., – арахьаьдира йо1, ша х1ун леладо ца кхеташ юха чухьаьдира.
Мохь ца алалуш, воккхачу стага куьйг ластийра, йо1 сихъеш. Зараъ къевла елира 1аьржачу буьйсанан кийрахь.
Дикка хан елира оцу меттехь, Зараъ юха гучуйолуш, Висита йо1ал хьалха чуиккхира воккха стаг волучу чу.
– Ваша! Ваша! – озах ца вохан г1ертара жима стаг…
– Дада..! – багаг1аттийначохь лаьттара маьнгийна йистехь йо1.
Куьйг нисдина, ког нийсбина х1инцца набъозийча санна 1уьллура воккха стаг Болат. Дикка хьаьжичий бен кхеташ дацара и садоь1уш ца хилар.
Байлахь дисина жима ши бер санна юх-юххехь лаьттара воккха стаг т1ехь 1уьллучу маьнгина хьалха Виситий, Зараъий. Уьйт1ана юккъехь, стиглара эгачу даккхийрачу лайн чимашна бухахь, хиллачух кхеташ санна, тийна лаьттара Сирдин а.
Воккхачу стеган Болатан кошна т1ехь а лаьттара уьш кхоъ иштта вовшен уллохь: йо1, к1анттий жимма т1ехьа, корта олла а бина, Сирдинний.
Иштта д1адахара шийла 1а а, шийла б1аьсте а, кхин хийцамаш боцуш. Зараъ шен ц1ен чохь ша 1аш яра. Лула-кулара, генара гергара наха доладаран кеп х1оттош, бер-кер доийтура, йо1аца буьйсанаш яхан. Дийнахь-м даима а Висита хуьлура уллохь, Сирдин а.
Кхин цхьа 1а а дара юккъах т1ехтилла доьдуш. Воккха стаг кхелхина шо сов хан яьллера, эххар а Виситас хаьттира Зараъига:
– Зараъ, суна схьахетарехь, ваша, ша кхелхачу суьйрана соьга цхьаъ ала воллура. Со ч1ог1а бехке ву цунна уллора д1аваьлла хилла, и могуш воцуш 1уьллуш волуш. Хьуна а хаьий техьа цунах х1ума? Х1ун ала г1ерташ кхайкхинера техьа цо соьга?
Зараъин б1аьргах жима седа санна хин т1адам хьаьдира. Ткъа муха алан дезара оьздачу йо1а, х1инца шен силла дукхавезаш волчу к1анте, дас ша д1акхалхале хьалха шена т1ехь йитина еза къайле! «Ша йигар хьуна т1едожийна дадас» – алан дезара цо? Иштта дешнаш к1анте ца олуш-м х1ара яла а кийча ма хир яра.
Х1умма а ца элира йо1а шега динчу хаттарна дуьхьала. К1ант кхийтира, йо1ана ала бег1ийла ца хетийла, дас шега аьлларг. Кхин иштта хаттар ца дира Виситас Зараъига.
Уггаре а б1аьстенан денош хазделлачу хенахь кхечира лаьмнашка ирча къаъ! Паччахаьн эскарш г1оьртинера нохчийн аренца йолчу ярташна чу. Яккхий тоьпашца сийна ц1е тосуш йохаеш яра б1еннаш цхьанна а новкъа боцуш эзарнаш шарашкахь х1окху аренашца бехаш болчу нохчийн ярташ. «Аккхарой бу уьш!» – ц1е кхоьллина х1аллакдеш дара машарен Делан адамаш, аганахь 1оьхку бераш а цхьаьна. Лаьмнашкара яхь йолу к1ентий, шайн тобанаш гулъеш, буьйлира аренгара вежаршна г1о-накъостала дан лаха бийса. Тамаш бойла дара оцу майрачу к1ентийн тобана юккъехь Висита а ца хилчи. Ша новкъа валале Зараъ йолчу кхечира и, алан дешнаш-м ца карадора:
– Вашас санна аса а хьо цхьаъ юьту-кх хьо, сан хьоме йиша! – бохура цо.
Амма йоь1ан б1аьргах хин т1адам а ца буьйжира х1инца, к1ант цец а воккхуш.
– Хьан некъ оцу везчу Делан карахь бу-кх! Т1емана юккъехь ког ницкъала, куьйг маса хуьлийтийла хьан оцу Везчу Дала! – олуш новкъаваьккхира йо1а жима стаг.
Виситин б1аьхойн, дошлойн тоба 1уьйрана новкъа йоккхуш нахаца а хилла, чуеъна йо1 сарралца яьллира кертахь даьхни д1а1алашдеш, кертахь ирзон т1ехь болх беш а. Суьйрана юххерачу лулахойх чекхъелира и, шен ц1енон а, даьхнин а 1уьналла дар царнна т1едуьллуш. Ша х1ун дагахь ю, мелла ханна хьовса деза шен бахаме, цунах дерг-м ца дийцира йо1а шен лулахошка. Лулахой дика хиларе терра, цара и санна долу хаттар дана а ца дира.
Буьйсана, лула-кулара нах набарна д1абийшинчу хенахь, Зараъас, нускал санна хаза кечбира шен маса Сирдин. Тоьллачех шена т1е озийра божарийн берзакъ. Герз а кечдира йо1а жима йолуш дуьйна шена дадас ма-1аммора. Т1уьналла т1екхочура йоцуш топ-молха, ирдина кечдина терс-маймал тур, дарг1ойн шаьлта, ц1елатон мокхаз а, Болатас мехкадаьттанах даьккхина сихадогу молха чу доьттина масех кхаба а. Кхинболу т1емалоша ца лоруш дицдина 1ад, деха-доца пхерчий чохь долу ботт а д1анисйира йо1а Сирдинан букъна т1ехь, нуьйрана уллохь. Дин кечбина, ша кечъелла, оьзда дина а яьлла, халлий бен бергийн тата ца лацалуш, юьртаха елира жима Зараъ.
Ма-торру хьуьннаха доьттинчу лаьмнашца, арцашна т1ехула, лахъелла, кадечу мохо ядийна хьош йолчу сирачу мархех тера, дукъделла техкаш лаьттачу диттийн баххьашна бухахула маса лахенгахьа охьашершаш яра Зараъин Сирдин. Керла сийна г1а даьллачу диттийн баххьаш дуьззина даьллачу зазийн яйн хазчу хьожаца ийна даьржинера, лаьмнашкахь бен кхин цхьана а меттехь ца хуьлуш долу, ц1ена х1аваъ!
Рог1енчу лекхачу арце Сирдин хьалаяьлча, диттийн жимма нилхалла йолучохь геннара гора аре. Хьаннаша техкош долу аьрцийн даккъаш сийна аренга охьахьаьддера. Арцашна юккъехула, 1инна чухула инзаре боккха лаьхьа санна хьийзаш, йоккхачу г1овг1анца лахенга хаьддера сирла тулг1е йолу доккха хи. Лайх, шанех дуьззина мархашна юккъехула ирх дахана, стиглах а г1оьртина лаьттачу лаьмнашкара охьахьаьдда дог1ура и хи. Моьттура и маса, сиха, девнен тулг1еш а ю, аренгахь дукха герзах доьттина чудеъначу паччахьан эскарна т1екхача сихделла. Оцу хин йисттехула ширчу некъаца охьайоьдура жима Зараъ шен Сирдинна т1ехь. Х1окхулла хьалха 1уьйрана охьабаханчу Виситин дошлойн говрийн ларанаш а яра хаъалуш, дас 1амийначу йо1ана. Гарехь, Сирдин аьрха хилар бахьана а, говр ша цхьаъ хиларна а мелла а, хьалха д1абаханчарна герга г1оьртинера йо1.
Буьйсана Виситеран б1аьхойн тоба мелла а делахь а, садо1ан дезаш яра. Царнна т1е1оттаялан 1алашо йолуш яцара йо1, цундела цо шен Сирдин а юхаозийра к1езига. И эрна а ца хиллера, буьйса юкъала т1ехъиккхинчу хенахь, йо1ана гена йоцуш хьалха к1уран хьожа кхийтира. Сирдинан бергийн тата хезардоцуш, говрана болар лах а дина, меллаша хьалха охьанехьа яхара Зараъ. Гена боцуш садо1ан д1анийсабеллачу дошлошна ша хаъалур йоцуш улло а яхана, Сирдин сацийра йо1а. Говрана т1ера нуьйра а яьккхина, и яжан д1ахийцира цо. Жимма х1ума кхоллуш пхьор а дина, нуьйра коьрте а йиллина, верта т1е а тесина садо1ан д1анисъелира Зараъ ша а.
Сатосучу седанца Сирдинас улло а еъна самаяьккхира йо1, и эрна а ца хиллера. Гена доцуш лахахь 1инчохь, лерг ира долчу йо1ана хезира, халла бен ца къаьсташ йолу дуккха а говрийн бергийн тата, т1улгенийн г1овг1ано ч1ог1а г1елдинехь а. Дукха хьиэм ца беш, сиха кечам бина, оцу говрийн бергийн лараца т1аьхьа йолаялийтира йо1а шен Сирдин а. Дукха хан юкъа ца юлуш, хьалаг1аьттира ц1ен малх а, сатосу седана серло ц1аьххьана лахъеш. Яккхий хьаннаш да1аса а тоьттуш, резадоцуш г1овг1ане хьаьдда йоьдучу хин тулг1енаш бахьана дика ца къаьстира хьалха д1аоьхучеран татанаш, аьзнаш, цундела Сирдин а йоьдура ког байбина. Схьахетарехь, аренга д1акхачан ши-кхоъ арц бен ца дисинера. Эххара а хина тулг1енаш хьалха санна ч1ог1а дера йоцуш парг1атъевллера, иза яра, хи аренга дала кечлуш хиларна билгало. Аренца лелан 1емина Сирдин а яра мелла а самукъадаьлла, хьекъален говрана а хаъаделлера сийна аре генайоцуш хилар.
Де делкъанехьа г1оьртира, ц1аьххьана т1аьххьара арц букъна т1ехьа а дуьсуш, хьалха д1аоьху б1аьхой а, царнна ца тусалуш йог1у Сирдин а аренца д1абуьйлалуш. Мелла а шорделла, парг1ата дог1учу хина бердана йистехула бара х1инца а хьалхалерачу заманан шира некъ. Аренгахь лахбеллачу бердах тулг1е тийсалуш дог1у хина йисттехь лахахь 1уьллуш йолчу нохчийн юьрта кхачан дагахь д1аг1ертара Висита хьалха а волуш кхо б1е сов хир волуш дошло. Ломахь санна лекха яцахь а, гонаха луьста хьун 1уьллура. Х1инца, дехьа-сехьа тог1еш йолуш шорделлачу хина бердана йисттехула дитташна юккъехула боьдура шира некъ. Мог1а бахбина, шиъ говра улло нислуш бог1ура дошлой. Х1орш д1акхачан беза юрт Теркана а, паччахьан эскаран коьрта г1опана дукха генахь яра. Цундела оцу юьртахь геннара некъ бина б1аьхой, жимма садо1ур шаьш, аьлла дагахь бара. Бевза-безарш а бара цхьаболчу дошлойн оцу хьалхахь 1уьллуш йолчу юьртахь. Виситина уллохь лекхачу дег1ехь волчу, 1аьржачу динахь вог1учу Вахина-м цу юьртахь, т1ехьийза дикка хан йолуш, хаза сирла месаш а йолуш, цхьа йо1 яра, ша санна хаза Малика бохуш шен ц1е а йолуш. Ваха Висител ши шо жима вара, делахь а, г1еххьа доттаг1алла дара цу шинна юккъехь. Виситица Теркал дехьа даьхни далон х1орш оьхучу хенахь а Виситина уллохь хуьлуш вара жима зудаберийн санна хаза юткъа юьхь йолу Ваха. Дуккха а шегара хьуьнарш гайтинера Вахас г1алг1азкхашца алссама хиллачу тасадаларшкахь а. Цуьнан расха дин а бара г1алг1азкхийн а, г1алмкхойн а аренашка боьду некъ дика бевзаш.
Мостаг1ий шайна генахь хиларе терра шайн бегаш беш, вовшийн хабарш а дуьйцуш, шайн дайх бисина махкахь шаьш хиларе терра майрра схьабог1ура ламанхой. Х1инца-м оцу юьртана улло а г1оьртинера дошлойн тоба. Ц1аьххьана Виситас аьтто куьйг айбира леккха нийсдеш. Дошлой мостаг1чунна т1елата кечаман санна говран нуьйрахь нийслуш, кечам бира, и куьйг шайна гушшехь. Хабарш а, беларш а цкъа а ца дийцича санна д1атийра. Мостаг1-м хуьлийла дацара кхузара майра к1ентий бехачу хьаннашка юккъехь, делахь а, т1емло массо а заманчохь ву тасавалан кийча хила дезаш. И-м ламанхойн к1антана бер долуш дуьйна хаара нохчийн лаьмнашкахь.