18+
реклама
18+
Бургер менюБургер меню

Абузар Айдамиров – Лаьмнашкахь ткъес (страница 33)

18

– ХIейт, дависа, цIа дуьззина бераш мa дeлaрa сан! – элира цо. – Хьо санна, цхьалха дегIаца хилча-м, мила Iара. Сан дас-нанас а, ас айса а лайнaчух бекхам эца гIоттур вара. Цхьана дийнахь бен ца вахахь а. Хьан хьайн корта бу белшаш тIexь, Миша. Хьайн кхолламах дерг айхьа къастаде. Амма тхуна хьо везийла а, хаа. Кху масех баттахь доьлла тхо хьох. Тхешан ваша хета. Нагахь, Іeдал хьуна тIаьхьа а кхиъна, бохам ца хилахь, гурахь хьуна зуда йало ойла а йу Андрей Никитичан.

Гати-Юрт гIеттинчу дийнахь дIаваха новкъа велира хIара кхоъ. Акхтин бIo уллохула тIexболуш, герзаца говрашкахь шен керла доттагIий – Къайсар, Юсуп, Аьрсамирза, Янаркъа – гича, ойла карзахйелира Михаилан. Цуьнга тIаьххьара а сацам тIеэцийтира даим забаречу Янаркъас.

– XIей, Миша, куда пошол?

– Домой, Янек!

– Домой ни нада. Вайна нада. Царь бит, эпсар бит нада. Зимла нада, чурек нада. Иди царь бит, эпсар бит!

Михаил Яковга хьаьжира.

– Яков Лексейч, со а воьду цаьрца…

– Хаац, Миша. Кхечунна хьехар дала хала зама йу хIара. Хьайна луъург де…

– Сан говp a, топ а йац, Янек…

Янаркъас шен говран гоъ тIе куьг туьйхира.

– Суна тIехьа хаа, Мишка! Тахана-кхана вайша, цхьа эпсар а вийна, хьуна говр-герз а доккхур ду.

Михаила шен карара херх а, диг а Яковга дIакховдийра.

– ХIан, Яков Лексейч… со цаьрца воьду. Андрей Никитиче а суна бехк ма билла ала. Цo a, аш а сан тIеэцар, дина дола а ас цкъа а дицдийр дац. Cox бала хиллехь а, гIалат даьллехь а, гечде суна. Ша хирг хир. Вайна, вайн дайшна тIехь Iазап а, харцо а латтийначех бекхам эца, дог Iабо лаьа суна. Iожалла ца хилахь, гур вайна…

Михаила, мара а иккхина, кхузза барт баьккхира шина накъостнa. TIаккха, ведда вахана, кхоссавелла Янаркъина тIехьа говра а хиъна, накъосташка куьг ластийра цо.

Яковн беснеш тIехула охьа бIаьрхиш шершира…

5

ДІайаханчу буса Акхтина тIедиллинера, кху гондIарчу йарташкахь гIаттам болоран дог хила безачу гатийуьртахойн бIoца Гезлойн-гIопана кхо чаккхарма уллохь лаьтта Ишхойн-Юрт дIа а лаций, цигa дIайoгIу йолу йисинчу йартийн тобанаш цхьаьна а тохий, БІaьн-Некъаца йолу зIe а йохайай, Хаси-Юьрта тIе дIагIо аьлла.

Оццу хенахь Хаси-Юьрта дIакхача йезара Ямсуций, Яркхсуций йолчу йартийн гIовттамхойн отрядаш а.

Акхта шек вацара ишхошца долу гIуллакх кхиамца чекхдериг хиларх. Амма, хIорш йоргIахь Ишхойн-Юьрта йисте кхaьчча, цигахь гиначу суьрто цецвaьккхина, иза цхьана ханна акъваьлла висира. Яьссин йиcтaца йуькъачу хьуьн чухула цхьалха могIа бина боьду бIo эвлан йисттерчу хьаьрма баьлча, иза тIенисвeлира, кIайн байракх айбина, гу тIехь лаьттачу масех стагана. Цаьрца вара йуьртан молла а, къеда а, шиъ хьаьжо а. Дехьо лаьттара бIeннaл сов зударий, бераш. КIайн байракх гича, вуьйхира Акхта. Ца хаьара, ишхой шайн муьтIахьалла гойтуш бу йа дийцарш дан баьхкина. МуьтIахьалла гойтуш хилча, царна дуьхьалбаьхкинарш герзаца кечбелла нах хила безара. Атталла АкхтагIеран бартахойх цхьа а стаг а вац гуш! XIун хилла-те царах? Нагахь Ишхойн-Юьртахь цхьа гуш боцу хийцамаш хиллехь, хаам хIунда ца бина хIокхеран бартахоша? Акхта гIеххьачул воьхна хьаьвзира, амма, шен дагара ца хоуьйтуш, говр боларх ца йохош, вeкaлшна улло тIе a вaхана, цIеххьана урх йуха а оьзна, говp сацийpa цо:

– ХIара хIун кIайн байракх йу аш арайаьккхинарг? – тIевегавелира иза ишхойн векалшна. – Зударий хIунда бевлла имаман бIo тIеэца йуьртал ара? Мичахь бу шун боьрша нах?

Карзахе, къармазе бу бохуш, Нохчмахкахь цIе йаханчу гатийуьртахойн ах бIе дошло, хьуьнна чухула схьабогIучу некъаца ара а ваьлла, йуьртехьа а вирзина, ах-гуо беш дIахIоьттича, чхамъаьлла хийтира ишхойн векалшна. Ткъа хIара, xIокхарна хьалха и шен йоккха Iaьржа говр хелхайоху Акхта а, куьйгана сиха ву бохуш, гIараваьлла вара.

– Тхо машар безаш арадевлла, Акхта, – вистхилира боьмашчу холхазан лекхачу куйнна гонаха хьарчийна, ло санна, кIайн, йеха чалба а, гIеххьачул тIедаьллачу гай тIехула дихкина Iаьрбийн шуьйра доьхка а долу Тарам-Хьаьжа. – Тхан йуьртана оьшуш дац аш вовшахдетта гIуллакх.

XIинца кхийтира Акхта кхузахь цхьана къайлехь лаьтташ йамартло хиларх.

– Оха вовшахдетта гIуллакх тхан дeндex БацІарех дисина-м, ца моьтту хьуна? – аз айдира цо. – ХIара-м халкъан гIуллакх дай! Шен коьртехь цIарна а цIе йахана къонахий а болуш!

– Цара а, аш а лелориг сонта хIума ду, Акхта. Керста паччахьал тоьлур дац шу. И ца хуу стаг Iовдал ву.

– Акхта, луларчу шина йуьртахь деха вай, вовшашна девзаш ду, гергарлонаш а ду йукъахь, – йукъавуьйлира молла Iаьршак. – Тхан эвла цагIертар доьху шуьга. Тхо бIaьн некъа йисттехь ма ду, Гезлойн гIопах ха а тоьхна Іаш. Цигара схьатоьхначу йаккхийчу тоьпаша сохьтехь отур йу тхан йурт. Сохьтехь Хаси-Юьртара эскарш а кхочур ду кхуза.

– Ой, дела хила шун шайн ворxІe дена неIалт! Гати-Юрт йац ткъа кхузара дIа мохь тоьхча хезехь? – оьгIазвахара Акхта. – Йа, шун йуьртал тIехбевлча, когаш леxна, совцур бу и салтий? Йа тхан йурт, тхан доьзалш шучел оьшу?

– XIoрaммо шен-шен коьртах жоп лур вай, Акхта, – вусавелира Тарам-Хьаьжа. – Тхо цхьаьнцце дов оьшуш нах дац. ХIара Iедал тхуна мега. ТIexула тIе, муьлхха Iедал а Делера ду, Iедална муьтIахь цахилларг Далла дуьхьал ву, иза гIопал10 хир ву…

Корта агIор а хьовзийна, дуьхьал куьг тесира Акхтас:

– Сан делан дуьхьа сацайелахь и зурма! КІордийна, дагах, сих, похах а чекхйаьлла суна иза! Шу цхьадолчарна Делера ду хIара! Исс дол чалбанаш хьарчийна, горгачу гайшна тIехула цхьа куьг шуьйра доьхкарш дихкина, хIара зударийн гIабалеш йуьйхина, кара суьлхьанийн кочарш а лецна лелачарна! Ткъа тxyна шайтIанера ду иза. ХIара зударий хIун деш лаьтта, кхуза а хIиттина?

– Ахь тхуна жоп ца лаxь, дехарна йукъабовла…

– Ма декъаза йурт йу-кх зударий дехаре хьийсoриг. Амма шуна моьттург а хир дац хIокхунах! ХIей, Аьрсамирза! ДІалаца и пхи стаг. ТIaьхьа къастор вай сонтаниг а, хьекъалениг а.

Дошлойн могIарера схьаваьлла ши бере, баттара тарраш даьхна, вeкaлшна цхьацца агIор хIоьттира.

– Тхан байракх хIунда ца лору аш? – бос баьхьна, мохь белира Тарам-Хьаьжин. – Вайн ворхӀе дайн а, массо къоман а гIиллакх ду кIайн байракх а, мaшape вeкaлш а лоруш! Шайн хьалхарчу гIулча тIехь мукъане а оьздангаллех ма доха!

– Ахь Іамо цa дисина тхо! – човхийра иза Акхтас. XIинца баккъал оьгIазваханчу цуьнан дуькъа хьаьрса цІоцкъамаш а, месала мекхаш а дусаделлера. – Нагахь галдовлахь, тхо нисдан тхешан хьаьжой, молланаш бу тхан. XIей, мила вара хьо, воккха стаг! Ахь, гIой, и шайн зударий цIехьа берзабе. Янаркъа, йурт дIaлаца кечло!

Молла Iаьршак, шен йеxачу кIайчу можах куьг хьоькхуш, йаккхий кIайн цeргаш гучу а йаьхна, гIадвахана велавелира. Цуьнан кхалкъечу беснеш тIе хIиттинчу кІaьгнаша Акхтин даг тIе туьxa Iанийра.

– Хьо стенна терса, Iаьршак? – баттара тур хьалаозийра цо. – ТIекъовла и хьайн зуьдан муцІар! Тхо шайца ги-бутторех ловзa дaьхкина-м, ца моьтту хьуна? Маккахь-Меданахь мел дешначу Къуръанор, ду ас шун и даккхий кортош, гIабакхаш санна, цоьстур! Хьакхарчий! Шу молланаш а, хьаьжoй а ду тхо дакъаздаьхнарш. Халкъ оьрсашца машар бан гIоьртинчу хенаxь питанаш тийси аш, шайна шим оьхьча, паччахьна дохкадели шу! ДIабига уьш!

Шина дошлочо меттахъхьабира вeкaлш.

– Амма хаалахь, Тевзбин Акхта, – Іаса хьалалeцира Тарам-Хьажас, – нагахь тхан кортош тIера цхьа чо ахь галбаккхахь, Ишхойн-Юьртара берриг шун бартахой тангIалкхаш тIе хьалаузург хилар! Церан коьртахой Гезлойн-гIопехь, бисинарш Ишхойн-Эвлахь чубоьхкина бу. Йуьртахь шина йоккхачу тоьпаца ши бIe салт а лаьтта.

Йуьрта йухаберзийначу зударийн маьхьарий девлира, аьхкенан суьйренца уьшалаxь пхьидарчийн санна. Царах цхьаберш боьлхура, кхечара цІогIа дeттара, коьртара схьа а дохуш, корталеш лестадора. Доцца аьлча, цара шега кхузара дIавала бохий, хиира Акхтина. Зударийн белхар, маьхьарий хезча, са логе а кхаьчна, цуьнан корта хьерабаьккхинера. Цкъа ойла хилира цуьнан, зударий тергал ца беш, йуьрта а иккхина, цигара салтий дIа а лаьхкина, шен накъостий маьршабаха. «Амма, кху харано дуьйцург бакъ делахь, и дан ницкъ а бац. Йа, тхо кхеро, дестийна дуьйцу-те? Хьий, неIалт хуьлда цигарчу божаршна а! Чубоьхкина, тов! ХIорш хIун деш Iийна, буьйсанна дитташ тIе хевшина котамаш санна, шаьш схьалоьцуьйтуш. ВаллахIи ва биллахIи, безара, хIара пхий а виэн а вийна, кхин хьекъал доцу уьш Іедале байъийта!»

ТIeвеанчу Лорсас, лере таьIна, масех дош элира цуьнга.

– Аьрсамирза, хIара йамартхой дІaca мa бoвлийталаxь, – омра дира Акхтас.

Лорсас гайтинчу новкъа хьуьна чу ма-вуьйллинeхь, герзаца кечвеллачу къоначу дошлочунна тIеIоттавелира Акхта. ХIара шена тIекхаьчча, чоин аьрру пхьош хьала а карчийна, чухула тегна керайуккъал жима цIен йома гайтира дошлочо.

– Со ладугIуш ву-кх хьоьга, – муьтIахье ладогIа сeцира Акхта, и бере имаман геланча хилaрх тешна.

Беречо коьртара охьа когашка кхаччалц бIаьрг туьйхира Акхте. Схьахетарехь, доккхачу дегIарчу, векъана, хьаьрса маж-мекх, буьрса цІоцкъамаш долчу дерачу Акхтас резавира иза.

– Ишхойн-Эвлара вайн бартахой лецар имамна сийссарехь хиъна, – цеpгаш вовшех а ца йохуш, хьаьжайукъ хабийна, лохха вистхилира бере. – Кхузахь санна, гIуллакх галдаьлла Ямсуца йолчу йарташкахь а. Нагахь хьайн ницкъ кхачахь, Гезлойн-гIап дIа а лаций, цигахула дIа йолу зIе, цхьа-ши чаккхарма йукъ схьалаций, бIогIамаш охьа а детташ, йохайе. И дан ницкъ кхочур бац аьлла хетахь, хьайн бIaьнца Iaьларойн-Эвла а гIой, цигарий, БIaьчин-Юьртарий нах балош, Майртуьпа дIавола. Кхийтин хьо?