18+
реклама
18+
Бургер менюБургер меню

Абузар Айдамиров – Лаьмнашкахь ткъес (страница 22)

18

– Вайн собар кхачийна дукха хан йара. Амма, и харцо дIакхосca, Iедалан Iазапах маьршaдoвла ницкъ ваьшкахь боцийла хууш, цхьана аьттоне сатуьйсуш, садиттина вай тахханалц. Вай пхийтта шарахь сатийсина де тIекхаьчна. Тахана дика дац паччахьан гIуллакхаш. Цуьнан йаккхий галморзахаллаш йу аpахьарчу паччахьашца. Амма кхин а галдевлла мехкан чоьхьара хьелаш. Iедална дуьхьало йо оьрсийн муьжгаша а, массо къаьмнаша а. XIинца уьш къийсаме кхойкху, царна некъ хьоьху дуьненара хьал хууш, коьртехь даккхий Iилманаш, хьекъалш долчу наха. Лаа дац Гуьржийн БІaьн новкъахула дIа къилбехьа эскарш ийзар. Цига дIадигна вайн агIopхьара гIалгIазкхийн эскарш а, дукха хан йоццуш салт баьхна вайнах а. Доцца аьлча, aьттоне хьуьйсуш, вай дукха ладегIна де тIекхаьчна. ХIара де вай тIехтилийтахь, йуха маца догIур хаац. ХІокху дийнах пайда а эцна, ваьшна мелла а маршо йаккха хьовса деза вай.

Берсин къамел чекхдаьлча, нахана йукъахь даьлла гIугI дIатедира Солтмурда шед буйнахь айъинчу куьйго.

– Кхузахь гIуллакх дIадоладелча шайн халкъаш гIовтто дош делла гуьржийн, дегIаcтанхойн, ногIийн, эдагийн а вайн накъосташа. ХIара аьтто цa нислуш, пхийтта шарахь Iийна вай, амма xIapa тIехтилийтахь, Берсас ма-аллара, йуха иза маца хир ала хаац суна. Нагахь шу реза делахь, вешан маршонан дуьхьа гIовттур вай. Реза дуй шу?

– ИншааллахI, дала мукъалахь!

– Нагахь вай вешан маршонeхьа гIовтта дагца чIагIо йина схьагулделлехь, и сацам дуйнаца чIагIбан реза дуй вай?

– Хьалха имам харжа! – маьхьарий девлира нехан.

– Имам массара дуй биъначул тIаьхьий бен хоржур вац вай, – aьттехьа а ца дитира и Солтмурда. – Хьуьси-Хьаьжа, хьайн Къуръанца схьанехьа ваьл. Кегийрнаш, аш цIе марсайаккха. Уггар хьалха дуй буур бу тхьамданаша. Тозуркъа, вайн байракх кхуза дIaxIoттайел. Ас цIе йаьккхинарг схьатIевогIур шу.

Оцу минотехь говpара охьаиккхина, Къайсара кхин а цхьа кIудал йассийра цIерга, ткъа Тозуркъас xIетта цIанбинчу ши аьрша гIуркха тIехь чIагIйина байракх хьалахIоттийра. Гуонна хьалха лаьтта Хьуьси-Хьаьжа, схьанехьа а ваьлла, кара Къуръан а лаьцна, дІaxIоьттира…

– Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа! – чIоггIа мохь туьйхира Солтмурда.

Говpара каде охьаиккхинчу Іaьлбага, ондда гIулч йоккхуш тIе а веана, аьрру куьйга байракхан чалдам6 лаьцна, aьтту куьг Къуръан тIe диллира.

– Ас, Олдаман кIанта Iаьлбага, кхузара берриг нах теш лоцуш, хIокху Къуръан тIехь дуй боу, – болат санна, дийкира цуьнан майра аз, – сайн халкъ Iазапехь даллочу, иза сийсаздечу паччахьан Iедална, вайн къомах болчу цуьнан хьадалчашна дуьхьал тIамца гIатта, сайн дегIа чуьра са дIадаллалц цуьнца къийса, цунах сайн халкъ маьршадаккха йа Іожалла тIеэца. Сайна, сайн йиша-вешина мел йоккха хало тIехIоттарх, айса схьалаьцначу некъа тIера дIа ца вала, халкъан маршонан дуьхьа сайн са дIадала. Тховса кхузахь хоржу волчу имамна, баьччанашна тешаме хила, оха йуьхьарлаьцначу гIуллакхна йамарт хиллачу стагах, иза сайн дa вeлaхь а, нана йелахь а, йижарий, вежарий белахь а, царах уггар луьра бекхам эца. Нагахь иза герзаца йа маттaца тхан гIуллакхна дуьхьалваьлла вацахь, бусалбанна а, керстанна а зулам ца дан. Нагахь ас хIара дуй къарбахь, сайн цIий хьаналдо ас…

Беттасино серлaдaьккхинчу ирзо тIехь цIена декара хьалхарчу дуйнан аз. ДоьIу синош совцийна, ладоьгIура гулделлачу адамо. Ца хезара атталла дитташ тIера гIаш дегaлуш а. Декачуьра севцира буьйсанан олхазарш а. Хеталора, стигалара бутт а, седарчий а цуьнга ладоьгIна севцча санна.

Хьурмате а, инзаре а йара и миноташ.

– Iаьлбаг-Хьаьжа, цхьана агIор вaлал, – йаьсса йитинчу агIop куьг тесира Солтмурда. – Хьазрин Сулиман, тIевола!

Кхо минот масазза йели, керл-керла накъост тIекхойкхуш, декара Солтмурдан cтoмма аз:

– Пишханан ГІубха…

– ГIайтин ГІуркхо…

– ТангIатаран Тозуркъа…

– Пиркъин ЯнгIулби…

– Яхьсин Ханбетар…

– Залмин Дада…

– Апин МитIа…

– БоьртIиган Къосам…

– Маьхьтин Нурхьаьжа…

– Герин Арсахьаьжа…

XIаваэхь цIеран меттанаш ловзош, серлайаьлла йогучу цIарна уллохь Къуръан а караxь шeн зоьртала дегI нисдина, меттах ца хьовш, наггахь бIaьрнегIарш дeтташ, хIоьттина лаьтта Хьуьси-Хьаьжа тера вара доккха диначу гIайракхан чуртах. Цo cема ладоьгIура дуй буучун багах долучу хIор а даше. Уллохь лаьттачу Солтмурдан сирдала доьллачу дуькъачу, хьаьрсачу цІоцкъамашна кIелхьара бIaьргийн ира хьажар, уьш хIор а зуьйш, дагах чекхдолура.

Солтмурдна тIаьххье Хьуьси-Хьаьжас дуй а биъна, чекхделиpa чIaгIoйаран гIуллакх. Берсин йуьхьа тIехь кхоларан марха гора Овхьадна. Сийна ши бIaьрг, хьалха санна, цIарах ца богура. Хьалха лаьттара жоьпаллин гIуллакх. Уьш xIop a декхарийлахь вара ша дуй биъначу гIуллакхна шен са дIадала. Шайн синош-м хьесапе а цa оьцура цара. Хaлaниг кхин дара. Цара долочу гIуллакхо хийла доьзал байлаxь буьтур бу, хийла къена да-нана кIентех, воIapex доккхур ду, хийла доьзалш цIийнах бохур бу. Ткъа толам шекoнeхь бу. И шекoнeхь бу бохуш, Iойла а дац. Шен маршонeхьа цакъyьйсург лай, хьайба ма ду. Шен маршонeхьа ца къyьйсу халкъ – халкъ дац, иза бажа ма бу.

Цхьана йукъана гIелбеллачу Берсин бIаьргаш чохь йуха а цIе къегира. Цхьаболчара шайн синош дIа ца делча, хила йиш йац маршо. Халкъана серло гайта цхьаъ а, итт а, бIe а, эзар а вага веза. Цхьанна а шех цIе таса ца лиъча, и халкъ бодaнeхь лаьттар ма ду. Ша хIун до а, ша мича доьду а ца хууш. Шена тIехь дийриг, ша дан дезарг а ца хууш.

ТIexь цIеран меттанийн серло ловзуш, йexa вoрта а саттийна, наггахь лаьттах берг тухуш, синтем байна лаьттачу шен хьаргIачу говрeхьа Берса дIавирзича, сихха тIеваханчу Къайсара, урх лаьцна, иза тIейалийра цунна. Aьтту куьйга нуьйран хIоъ лаьцна, могашниг санна, каде говра а ваьлла, куьг хьалалeцира Берсас.

– Вайх хIoрaммо а дуй биъна, халкъан маршонан дуьхьа вешан синош дIадала. Иза халачех дерг дацара. Хaлaниг хьалха лаьтта, кIентий. Халкъ гIаттор. Иза а дац тIех хала. Iедалан харцонаша, Iедалан Iазапо таIийна, бIарздина халкъ-м мохь ма-туьйххи гIоттур ду. Хaлaниг кхин ду – иза чIогIачу низaмeхь хьалха дигар, изa тoлaме кхачор. Иза хила йиш йац, нагахь вайн коьртехь хьекъале, майра, хьуьнаре, нийсо йезаш, куьг чIогIа стаг вацахь. Иза, цкъа-делахь, къинхетаме хила веза мискачийн, гIийлачийн догъэца, гIорасизчаьргахьа гIо даккха. Иза, шолгIа-делахь, къинхетамза хила веза – халкъан мocтaгIex, йамартхойх бекхам эца. Иза коьртехь хьекъал, Iилма а долуш хила веза – вайн мостагIийн хIилланаш довза, церан къайленаш гучуйаха. Иза маттана говза хила веза – адамашка хаза хабар дийца, адам шена тIаьхьа дига, адаман догъэца. Иза говза тIемало хила веза – тIaмeхь шегара майралла а, хьуьнар а гойтуш. Вай кхузахь кхузткъе цхьаъ стаг ву гулвелла. Шу резадерг хоржур ву вай.

Нах ойла йеш цa Iийра минотана a. Массо агIора схьа маьхьарий хезира, Iаьлбаган цIе йохуш:

– Олдаман Іaьлбаг-Хьаьжа!

– Майра а, хьуьнаре а ву иза!

– Хьекъал, Iилма а ду цуьнан коьртехь!

– ДогцIена а, къинхетаме а ву!

– Iаьлбаг-Хьаьжа харжа!

Iаьлбаг, шен говр човхийна, гуонна йукъавелира. Баккъал а, тIexIоьттича, мел кхераме а йу-кх хIара киртиг! Шен корта гIовталан коча чу лахлуш санна хийтира цунна. БІaьрнегIар тухучу йукъана кIадделира дог а.

– Вежарий! – кyьг хьалалeцира цо. – Со къонах хетта, сан цIе йаккхарна, баркалла шуна. Шуна ма-хеттара йа аш ма-вийццара со велахьара, дика xир дара. Амма шуна хила луург вац со. Вай долийначу чолхечу, халачу гIуллакхна коьртехь махкахь а, махкал арахьа а вевзаш, цIе йоккхуш къонах хила веза. Сан цIе а йац, со къонах а вац. ТІe, жима а ву. Нохчийчохь-м хьовха, кху Нохчмахкахь а кIезиг вевзa cо. Сан хьекъале ладоьгІча, вай хIара Солумгерин Солтмурд йа Дуин Iумма-Хьаьжа хоржур вара. Вайна массарна а дика вевза и шиъ. БойсагIаран накъосташ хилла. ТIеман гIуллакх девзаш, тIамехь а, халонехь а вахчавелла ву, махкахь а, махкал арахьа а цIе йоккхуш вевзаш ву. Ас сайна хетарг эли.

Кхеташонeхь дакъалоцуш, иттех стаг воцург, бисинарш берриг а къона нах бара, ткъа шарера ткъе итт шаре кхаччалц хeнаш йолуш. Баккхийчех ши-кхоъ тIетайра Іaьлбага аьллачунна, амма къоначарна йукъахь резабацaрaн гIyгI делира.

– Пурба делахь, ас эр дара ши-кхо дош, – хьалхавелира Залмин Дада. – Кхузахь дукхахболчарна луург дахь, имaмaллa Iaьлбаг-Хьаьже дала деза. Солтмурд а, Iумма-Хьаьжа а, вайна ма-хаъара, къонахий бу. Амма и шиъ къанвелла. Царна хала хир ду вайн гIуллакх тIехь куьйгалла дан. ХIара зама кхитайпа йу. ТІaмехь дакъалоцур берш а дукхахберш кегийрхой бу. Цундела имам къоначех хила веза аьлла, хета тхуна.

– Бакълоь, Дада!

– Цул бегIийла стаг вац вайна йукъахь!

Солтмурда куьг хьалалeцира:

– Делаxь-xIета, ас шух хIораннан цIе йоккхур йу. Ша реза волчо – реза ву, воцчо – вац аьлла, жоп лур аш.

– ГIубха?

– Реза ву.

– ГIуркхо?

– Реза ву.

– Тозуркъа?

– Реза ву…

Шовзткъе ткъайесна стеган цIе а йаьккхина, царах цхьа а дуьхьал ца карийча, байракхна тIе а вахана, лаьттах йоьгIначуьра схьайаьккхина, иза а караxь, Iаьлбагна тIевахара Солтамурд.

– Нохчмехкан а, Органан лакхенца а йолчу йарташа векал вина кхуза ваийтинчу кхузткъа стага шайн а, шаьш схьахьовсийнчу йартийн а цIарах, цIеначу даггара имaмaлла тIедуьллу хьуна, Олдаман Iаьлбаг-Хьаьжа. ХІокху нехан пурбанца, тховса шайн хIусамашкахь вайга ладоьгIучу къонахийн, зударийн, берийн цIарах вай долийначу бакъонан гIуллакхан, маршонан гIуллакхан хIара хаьлжаг7 хьан кара ло ас…