18+
реклама
18+
Бургер менюБургер меню

Абузар Айдамиров – Кхолламан цхьа де (страница 5)

18

Рахманкула, охьа а хиъна, шен хьаьжа тІе а, коьртах а йовлакх хьаькхира.

– Гечделахь суна, ойла а ца йеш, ас и дешнаш аларна, – бехказвала гІоьртира Николай Кузьмич. – Кхетий хьо, Рахманкул Жапарович, сан чIогІа дог лозу оцу нохчех… Тахана хилларг дуьххьара хилла гІуллакх ма дац. Айса иза иштта Іаддитахь, суна сайх чекх са гур ду. Вай-х, советски адамаш хилла ца Іаш, хьехархой, коммунисташ ду. Хьуна-м суначул а дика хаа ма йеза къаьмнийн хьокъехь йолу ленински политика.

Николай Кузьмич луьйчура сецча, цуьнга хьала а хьаьжна, догцІена велакъежира Рахманкул.

– Суна хІунда дуьйцу ахь иза, Николай? – элира цо хьала а гІеттина, тІевахана, Николай Кузьмичан белша тІе куьг а диллина. – Суна дика хууш ма ду уьш дерриге а. Хьо жима ву, цундела сиха а ву. Сихалла дика ма йац, цо стаг хІаллакво. ТІехула тIе, стеган ларлуш хилар кІиллолла а ма лара цкъа а. Суна гинарг хьайна гинехь, ас лайнарг айхьа лайнехь, хьо а хир вара ларлуш. Стенна оьшу, цхьанне а пайда а боцуш, эрна хІаллакьхилар? Co лоцучу шарахь сол хьалха сан накъостий лийцира. Царна йукъахь бара берахь дуьйна соьца цхьаьна кхиънарш а, дуккха а хенахь соьца балхахь цхьаьна лаьттинарш а. Халкъан мостагІий бу аьлла, лецнехь а, партина а, халкъана а тешаме, хьанала нах уьш хиларх тешна ву со даим. Ас, цаьргахьа гІодоккхуш, бакъдерг элира. ТІаккха со а туьйхира царах дІа. ХІинца цкъа царах хилларг цхьанне а ца хаьа. Цхьанне а ца хаьа, цхьа а тайпа баьлла бехк боцуш, тхо бехкедина хилар а. Халкъан мостагІий ду аьлла, адамашна хьалха тхуна тІе кхоьллина цІе хIинца а дІайалаза йу. Партина, халкъана, даймахкана хьалха со цІена хилар, суна санна, нахана а хаахьара, тахана а со валарх шеквер вацара со. И де цкъа тІекхочург хиларх теша со, хІунда аьлча сайна тІехь хІоттийначу харцонна ас бехке ца йо парти. Империализман гуонна йуккъехь дохку вай. Партин могІаршка, партин, советийн органашка балха нисбеллачу мостагІийн болх бу иза. Амма партин а, халкъан а бекхамах кІелхьарбевр бац уьш. Со хьоьга хІун ала гІерта аьлча, хьо ларлуш ца хилча, и сайх хилларг хьох а хиларна кхоьру со. Вайшиннан вовшех къайле йац, цундела дуьххьалдІа боху ас хьоьга: нохчий Даймахкана йамарт хилла, уьш бандиташ бу бохуш, и эладита ша-шаха кхолладелла дац. Къайлах даржош ду. Иза хьуна хьайна а хаьа. ХІетте а ву хьо даррехь нохчий реабилитировать бан гІерташ. ХІан-хIа, Николай, дуьхьал ву со и Берсин гІуллакх педсоветан заседане хІотторна. ТІех шуьйра публика йу иза. Суна а ма хаьа оцу халкъашна тІехь йинарг ирча харцо йуйла. Амма вайша тховса, хьехархой а гулбина, цІенна дІадийцахь, вайша кхана сарахь цІахь-м хир вац. Иза бакъдерг ду хьуна. Вайша хIаллакьхилча, нохчий шайн махка боьрзург хилча-м, вайша, бІаьрнегІар ца тухуш, лийр ма вара. Вайша хІаллакьхир ву, ткъа нохчашкара бала цуьрриг а байлур бац.

«Машас дуьйццург ду-кх хIокхо дуьйцург а, – ойла йора Николай Кузьмича, – школерчу дешархошна йукъахь орам тосуш шовинизм йу, ткъа со, школан директор, коммунист, йуьстах а ваьлла Іен веза. ХІан-хІа, иза хуьлийтийла дац…»

Николай Кузьмича, гІанта охьа а хиъна, доккха садаьккхира.

– ХІета, берашна йукъахь шовинизман ун а доржуьйтуш, цуьнга биэндоцуш хьоьжуш Іийр ву-кх вайша. Иштта бохий ахь соьга?

– XIaн-xIa, Николай, ас иштта ца элира хьоьга. Ас-м, ларлуш хила, бохура. Ахь, тховса хьехархой а гулбина, къаьмнийн доттагІаллин хьокъехь долу гІуллакх царна хьалха а хІоттийна, оцу агІор берашна йуккъехь кхетаман болхбар царна тІедожорах вайн нисдала хІумма а дац. Хьан приказ, йа педсоветан сацам кхочуш-бархьама, берашца къамелаш деш цхьана дийнахь цхьацца бахьанаш лело а мега цара. Амма шайн къамелашкахь цара нохчий бакъ беш дош а эр дац, йа ала а баьхьар бац. Йа цара хьуна луъучу тайпана берашца къамелаш дича а, оцу берийн дегнаш чохь хьуна йита луу лар а йуьсур йац. Оцу хьехархошка, цаьргахула берашка а, шайгга ойла йайта йеза оцу гІуллакхан. Уьш шайн синкхетамца тешийта беза, ахь ма-аллара, вуон, зуламе халкъ дуьненахь цахиларх, хила йишйацарх, советски халкъийн бертахьчу доьзалан членех и цхьаъ хилар а, массеран йоллу бакъо хила иза хьакъхилар а. Амма муха дан деза иза? Кхузахь жимма ойла йан йеза. Ас сайна хетарг эр ду хьоьга. Гой хьуна, Николай, хьо украинец ву, хьан зуда оьрси йу, со узбек ву. Тайп-тайпанчу къаьмнех долу вай кхоъ оцу нохчийн бала кхаьчна хьийза. Кхечу агІор хила йиш а ма йац иза. Вайн советски халкъийн цхьа Даймохк а, цхьа Іалашо а, цхьа некъ а бу. Цундела советски халкъийн доьзалехь муьлххачу а халкъана хилла бохам, лазам вукху дисинчийн дагах кхета.

Стоьла тІехь лаьттачу графина чуьра хи стака дуьззина чу а доьттина, дІа а мелла, шен сирачу мекхех дайн куьг хьаькхира Юсуповс.

– И нохчий, кхуза схьабалабаллалц, цкъа а суна гина адамаш дацара. Къилбаседа Кавказехь бехаш нохчий, гІалгІай буйла а, церан шайн автономни республика йуйла а хаьара суна. Амма кхин дІа царах лаьцна хІумма а ца хаьара. Ткъа нохчий схьабалочу хенахь, кхузахь дуьйцура, уьш бандиташ, разбойникаш, къуй бу, цара, котам йуьйчул башха ца хеташ, шаьлта а хьокхий, стаг воь бохуш. Со а, со саннарш-м а ца тешара оцу эладитанех, амма тешарш а дуккха бара. Хьуна ма хаьа и дерриге а. Суна хетарехь, адмийн исторехь хилла йац дийнна халкъ бехкедеш, дийнначу халкъана тІехь таІзар деш меттиг. Нагахь хиллехь а, суна ца хезна. Ткъа, бала а бина зударий, бераш а, къена нах а кхуза охьатийсича, меца, гІийла, махках бовларна дегнаш доьхна уьш сайна гича, оцу суьрто соьга ойла йайтира. ХІара хІун къам ду-те, сил луьрачу таІзарна кІел дожа, кхунах хІун бехк баьлла-те аьлла, дагадеанчу ас, цкъа районе вахача, библиотеке а вахана, справочни литература кегийра. Доцца аьлча, йоккхачу советски энциклопеди тІера Кавказски тІамах а, нохчех а, церан республикех а лаьцна статьяш йийшира ас. Дуьззинчу шина бІе шарахь цара турпала къийсам латтийна шайн къоман маршонехьа паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Оцу шина бІешеран къийсамехь паччахьан инарлаша къиза хІаллакбина уьш. Байъина, Сибире хьийсийна, эзарнаш доьзалш Турце кхалхийна. Со чІогІа цецвуьйлу и халкъ дуьззина хІаллак ца хиларх. Шайн коча доьллинчу олаллица машар бан ца туьгуш, турпала къийсам латтош, Октябрьски революцина тІе а баьхкина, уггар хьалха революцигахьа а бевлла, шайн махкахь советски Іедал а хІоттийна, социализман толамехьа жигара къахьегна цара. Сайна хиъначо соьга кхин а кІорга ойла йайтира. Шайн къоман маршонехьа, мехкан бозушцахиларехьа дуьненахь а уггар йоккхачу, нуьцкъалчу империна дуьхьал иттаннаш шерашкахь къийсам латталур ма бацара бандиташка, къизачу, йамартчу халкъе. Революцин хьалхарчу деношкахь цуьнгахьа а бевлла, шайн махка тІехь советан Іедал хІоттор дарий-те бандиташа, йамартхоша? Оцу хаттаршна жоьпаш лоьхура ас. «ХІан-хІа, царна тІехь йинарг ирча харцо йу, – бохура ас сайга. – Царна йукъахь йамарт, зуламе нах хилла хир бу. Уьш хІор а халкъах бовлу. Амма йамарт, зуламе халкъ хилла а дац, йа хила йиш а йац. Адам доьхна лелачу кху тІеман заманах пайда а эцна, партина а, халкъана а ца хууш, йа парти а, халкъаш а Іехийна, халкъан мостагІаша дина гІуллакх ду иза. Цуьнан шеко йац. Иштта, бехк боцуш бехке ца вира со? Иштта, бехк боцуш бехке а бина, хІаллак ца бина партина, халкъана тешаме сан накъостий, доттагІий?» Амма сайн и ойланаш ас лачкъийра. Кхераме йу иштта ойланаш. ХІун дан деза аьлча, оцу гІуллакхна дуьхьалдІа маІашца тІе а ца гІерташ, флангехула тІеваха веза. Хьехархошна, берашна и халкъ довзийтича, церан цуьнга безам гІуриг хиларх дог тешна ву со. Историн урокашкахь теманаш йу Кавказски тІамах, Шемалах лаьцна. Оьрсийн сийлахь-баккхийчу йаздархоша нохчех лаьцна боккхачу безамца йазйина произведенеш а йу. Урокехь а, урокал арахьа а царах пайдаэцча?

ХІетталц кхоьлина, гІайгІане хилла Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира.

– Баркалла хьуна, Рахманкул Жапарович, – тIe а вахана, Юсуповн чІоггІа куьг лецира Николай Кузьмича. – Со гІалатах ларварна а, суна нийса некъ гайтарна а, баркалла хьуна. Тховса цхьа план а хІоттийна, йуха а цкъа хьох дагавер ву со.

«Ой, и дагадан-м ма дезара суна! – ша-шех цецвуьйлура Николай Кузьмич тІаьхь-тІаьхьа а. Баккъалла а аьлча, приказца тIeтeІopax нислур долуш хІума а ма дац хІара. Приказ – приказ ду. Рахманкула ма-аллара, коьртаниг – цара шаьш дийриг кхеташ, шаьш дечух тешаш дар ма ду. Рахьманкула дуьххьал схьа ца аьллехь а, йеккъа мершок а йу со. Амма дика болх а хилла-кх Машас со хІокхунна тІехьажийна…»

…Багара ца ходуьйтуш цигаьрка а уьйзуш, буса вехха Іийра Николай Кузьмич оцу гІуллакхан ойла йеш. Уггар хьалха цо схьалаьцнарг иссалгІачу классан учебника тІера дІадаханчу бІешеран кавказски ламанхоша паччахьан колонизаторшна дуьхьал латтийначу къийсамах лаьцна тема йара. Оцу къийсамехь йоккха меттиг дІа ма лаьцна барамехь царалахь уггар доккха хиллачу нохчийн къомо. Маркса, Энгельса, оьрсийн прогрессивни интеллигенцис а оцу заманахь нохчийн халкъан лаккхара мах хадош аьлла дуккха довха дешнаш а ма ду. Ткъа граждански тІеман заманахь? Сталинан, Орджоникидзен, Кировн белхаш боьшуш, иза ду-кха тІe ма Іиттавелла цара нохчех лаьцна йаздинчу могІанашна.

Николай Кузьмичан йуьхь цІеххьана йекхайелира. Нохчийн халкъан истори а Іамийна, школехь дешархошца исторически суьйре вовшахтоьхча? ДуьххьалдІа, цхьа бахьана а доцуш иза дар-м дика а хир дац. Машас ма-аьллара, ас гІалат далийта а тарло. Нохчий реабилитировать бан гІертарг хир ву со. Дерриге а дІадоло деза иссалгІачу классехь. ТІекхочуш йолчу дІадаханчу бІешарахь ламанхоша шайн къоман маршонехьа латтийначу къийсаман темина тІера. Оцу урокашна дика кечам а бина, берийн тидам царна тІехьовзо беза. Кхузахь гІо далур ду Машега а. Оьрсийн йаздархойн дахар а, кхолларалла а Кавказца чIогІа йоьзна ма йу. Оцу дерригенах лаьцна йолу литература гул а йина, школан библиотекехь выставка йича?